Нухажиев: «Карпюк, Клых вон ца Iа набахтехь, ...цара арз стенна дина, ца кхета»

Your browser doesn’t support HTML5

"Дерриг а дика ду" тутмакхийн

Украинан бахархой, Соьлж-ГIалахь цара тIемаш а бина, нах а байина, бохучу бахьанийца Нохчийчохь кхело чувоьллина Клых Николай а, Карпюк Станислав а ву шайга аьрзнаш деш, цара дийцарехь, набахтехь царна етта, гIелойо, аьлла, президентан гонехь Оьрсийчуьрчу бахархойн бакъонаш тергалъечу урхаллин куьйгалхочуьнга Москалькова Татьянига талламбар дехна Киеверчу цуьнан коллегас.

Иштта бахана кху деношкахь СИЗО-1 олучу ханна лецнарш чохь кхобуче Москалькован системерчу Нохчийчохь адамийн бакъонийн тергоечу декъан гIантда Нухажиев Нурди а, мехкан Юкъараллин палатин белхахо Кагирова Тамара а Клыхний, Карпюкний тIе.

Бинчу талламан жамI довзийтина прессехь Нухажиевс: «Юкъараллин палатин декъашхочуьнца Кагирова Тамарица рогIехь йоцу рейд йина оха, шаьш баьхна Клыхца а, Карпюкца а къамел а дина. Цара набахтин белхахой шайца вон бу а ца элира, чохь кхобучу хьелашна арз а ца дира. Мелхо а, къаьсттина оьзда бу бохура шайца набахтин белхахой».

КхидIа Нухажиевс боху, Украинан бахархоша Клыха а, Карпюка а далхориг кхин ду – Оьрсийчоьнан кхелан система. Цара шаьш харцонца чудоьхкина, тоъал тоьшаллаш а доцуш. Омбудсмено дийцарехь, я багахь а, я кехатца а кхин аьрзнаш а ца дина шина тутмакхо. Амма Европан кхеле арздан лаам болуш а ву и шиъ.

Хьал шена муха гира Маршо Радионе дийца реза хилира Нухажиевца украинахой болчу набахте яхана хилла Нохчийчоьнан Юкъараллин палатин цIарах тутмакхийн хьелашна тIехьожуш йолу Кагирова Тамара.

Цо дийцарехь, Нухажиевс ма-баххара ду шина украинахочуьнгара хьал а, цара дина къамел а.

Кагирова: «Цара арздинера, шайна г1елойо аьлла. Амма иза бакъ ца карийна. Тхуна хьалха ца дийцира цара иза, шайн набахтерчу белхахошна ала х1ума дац, цара шайн болх бо, бохура. Деккъа д1а цара далхориг дара Буьрит1ехь шайна г1елойина бохург. Иза бен а дацара цара дуьйцуш. Шайн нахана т1ехь а терго е, цигахь тутмакхашна г1елойо, элира цара. Дерриг а оцу Буьрийт1ех дара-кх цара доккхачу декъанна далхориг».

Дерриг а дацдеш, официалан реляцин маьIанах аьлча, Соьлж-ГIаларчу набахтехь массо а хIума дика ду Клыхан а, Карпюкан а. Шордино аьлча, Украинерчу бакъоларъярхойн бух а бац Оьрсийчоьне претензеш кхехьийта.

Киевехь интернетехула информаци кхуллучу а, яржочу а Тhe Politics хьостано шен агIонтIехь хIинцца кху муьрехь арахецна Нохчийчохь хан тоьхначу шиннах цхьаьннан, Клых Станиславан, ненаца ша дина къамел.

72 шо ду Клых Тамарин. Иза Киевехь еха. Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш 1994-1996-чу шерашкахь шен воI Станислав Украинан коьртачу шахьарарчу Шевченкон цIарахчу къоман университетан студент а вара, цкъа а Нохчийчохь хилла вац, дуьйцу цо. Изза бахьана хьалха а даьккхина, Оьрсийчьурчу бакъоларъяран «Мемориал» центро а лору ший а украинахо политикан тутмакх.

Нана-къано шозза хилла Нохчийчохь, Шуьйтахь, кхел йоьдучохь. Юьхьанца нана санна, шозлагIа - кхело тоьшалле кхайкхина.

Юхьанца шен воI мелла а кхетамчохь а, тоьллачу дегIахь а вара, ткъа шозлагIа шена гича – вуьззина кхетамчуьра лелхаш а, азвелла а вара, боху Клых Тамарас.

Ткъа хууш ма-хиллара, Клых Станислав кхелехь шега маьттаза вистхилла аьлла, прокуроро рогIера бехктакхаман дов айдайтина украинахочунна дуьхьал.

Хиллирг, нанас дийцарехь, иштта ду. Лурчах Оьрсийчуьрчу Орел-гIала ша тIехьийза йоI йолчу ваххарх лаьцна Клых. Иза нисделлачул тIаьхьа ша шен нус хила дагахь йолчуьнга масситтаза зIетоьхна, амма вукхо цкъа а схьа а ца эцна телефон, шена хетарехь шен воI лаьцначу ФСБ-ца цхьана хилла Орелера йоI, дуьйцу Клых Тамарас.

Куьйгаш хедийна вара, таIзар дина гуш вара, амма цо даре ца дина. Ша хилла а вацаре терра, цкъа а ца хилла Нохчийчохь, бохуш, къар ца ло, цундела хьийзийна аьлла хеташ шена шен воI, дуьйцу Клых Станиславан нанас.

Нохчех довха дош а боху зудчо. Шега къайлах шен воьIана а, вукхунна а шоколад дIаялийтира хадечара. Нохчийчохь нах дика бу, оццу хадархоша, «оха-м гIодийр дара шуна, ткъа тхан карахь хIума ма дац» бохура шега, дуьйцу Клых Тамарас.

Нохчийн дахар а зийна йоккхачу стага, «Нах кхоьру, хIора а доьзалера адамаш дайина тIемаш боьлхуш, «оха рогIера тIом ловр» бац олу. Иштта ду тутмакхан ненан кху деношкара къамел.

Кху эфиран коьрта бахьана: Клых а, Карпюк а могуш-маьрша, набахтерчу хьелашна цхьа а арз а доцуш, дIаIаш ву Соьлж-ГIалахь - Нухажиев Нурдин дIахьедар.

Даима а санна, Оьрсийчоь, аьлча а, пачхьалкх, къинойх цIена, нийсонан новкъахь ю, оьздда ю тутмакхашца а тIехь.

Ткъа хIун ца тов юха а Москохарчу «Мемориал» центрна, я дуьненаюкъарчу Амнести Интернешнл, я кхечу бакъоларъечу юкъараллашна? Уьш цкъачунна харцйо Оьрсийчоьнан сийн лардо шаьш аьлла мел хетачо.

Оьрсийчохь бакъдерг толочу новкъахь кху тIаьххьарчу шерашкахь коьрта инстанци а хилла лаьттачу Страсбургерчу Европан кхелехь ду дош. Иза лардо тутмакхаша а, церан гергарчара а, ерриг Украино а.