Your browser doesn’t support HTML5
Дахарехь уьш беза а, лара а бахьана дан а дуй те аьлла хоьтуьйтуш, къизаллех боьттина, дераллех буьзна гойту дукха хьолехь исбаьхьаллин кинош чохь полицин белхой. Тайп-тайпанчу хаамийн гIирсашкахь шайх лаьцна чот йоцуш дукха беламе,забаре масалш а далош,бийцаре беш лаьтташ бу некъан низам лардеш болу полисхой.
Туьйранашкахь санна дуьйцуш ду уьш ахчанна тIера хилар а,и даккхархьама цара муьлхха а хилла-мекарлонаш лелош хилар а.Кхузара,низамхой хьайн накъостий лорий ахь аьлла хьо хаттаре ваьлча, дукхахболчарна бегаш бо моьтту,коьртана галваьлла ву вац хаа санна,дукха лорий зуьйш хьовсу хаттар диначуьнга.
Полисхошка сел хастаме боцу хьажам кхабар,схьагарехь, бух болуш ду. Стенна аьлча,дIа ле мел ваьккхинчех,шовзткъара бевллачу бахархойхха-м хьала а, охьа а,ишта я вуьшта полисхоша харцо кховдийна,бехк боцуш сагатдина нислора. Цара къаьхьа къурд байтанчех цхьаъ ву цIера Новр кIоштера,тахана хIирийн мехкан Мазалк гIалахь вехаш волу Хасанов Iумар.
Iумар: «Суна уьш накъостий стенна ца хета хаьий хьуна? Дера ца хета цара суна тешнабехк бина дела. Бехк бац аьлла цкъа со схьа а ваийтина,юхамасийтта де даьлча,схема хийца а хийцина тоьхха бехке а вина, вуно чIогIа токхамаш а байтира,тIе ши шо хан а тоьхна вахийтир-кх со цу полицино».
Кест-кеста машенахь дехьа сехьа вуьйлуш, хIора дийнахь бохург санна полисхошца къамеле вуьйлуш схьавогIучу теркахочунна Мусана хеттане а ца хета низамхой могIарерчу нехан накъостий. Цунна гергахь уьш накъостий бу нагахь ахь кIадо ца еш,хаддаза,ахчанаш дIакхийдадахь.
Муса: «Уьш накъостий суна-м ца хета. Уьш муха бу накъостий? Ас хIума дIалахь бу-кх уьш накъостий. Конституцино мА хьеххара болх беш мА бац уьш. Мискачу стагна коча оьху,ткъа таро ерш маьрша буьту. Кхечанхьа мела а маьрша ду,полисхой даьлла хIума а доцуш кхин нахана дIоггара коча а ца гIерта. Дагестанехь а, кхузахь а бу-кх къаьсттина чурабевлла хьийзаш,массо агIор пIелгаш Iуьттуш. Церан коьрта Iалашо хьаькамаш резабар ю-кх».
Цхьаболчарна моттарехь полицин белхой хьаьнгара хIун дер дара те бохуш,хьаьвдда лелаш бу,белхан гайтамаш лакхара хилчахьана адамалла бохучу кхетамах а бевлла. Цара лелочу харцонаша а лоьхку адам некъаш гездан махкара ара боху соьлжагIалахочо 64 шарерчу вахархочо Абаев Салмана.
Салман: «Цхьанне агIор уьш накъостий бу аьлла суна-м ца хета. ДIо-о куьйгалхой бага а хьоьжуш Iаш бу. Цара аьлларг деш бу,шайггара хIумма а лело баьхьаш а бац. Мискачу нахера хIун дер дара те,кхуьнгара ахча муха доккхур дара те бохуш,шен бусалбан стагна ницкъ бан кечбелла Iаш бу-кх. Цара лелочу харцонна адам уьдуш ду-кх махкара. ГIой хьовсал, мел керт-укевнаш ду духкуш. ХIора 3-гIа цIа дуй те аьлла ду-кх «Духкуш ду» аьлла тIе язораш а тоьхна..»
Низамхойх къамел дерзош,къастам боллуш ала йиш ю- интернет зIенехь,я кхечу хьостанехь Европера, Америкера я Азера полисхой кIеда-мерза, къинхетаме дог дика лераме,нийсонан, бакъонан дай санна гайтар, дахарехь иштаниг хила а тарлой те аьлла,хьажархо шеконе а воккхуш,бакълена а тамаше хилам бу Оьрсийчоьнан дукхахболчу бахархошна,Къилбаседа Кавказехь бехачарна-м муххале а.