Историк Ибрагимов Ризван психиатриян цIийнехь кхобу Iедало

Бутт хан яра Нохчийчуьрчу историкна Ибрагимов Ризванна дуьхьал бехктакхаман дов Талламан комитето схьадиллина. Иштта кхетам зуьйш Соьлж-ГIалахь психиатриян декъехула чекх а ваьккхира иза, ткъа цигахь вуьззина шех жоп луш вац аьлла кехат хIоттийра. Цунна бехкедо дин сийсазден а, ксенофоби ярджаен а жайнеш яздар.

Бехк талламчаша тIе а бахьале, юьззина экспертиза а яле, лаьцна, психиатриян дарбан цIийне дIавигина Ибрагимов шоьтадийнахь. Дахначу кIиранах Ибрагимовца хилла интервью хозуьйтур ю МР.