Телефонийн сим-карташ Iедалан тергамза, долахой дIаязбина а боцуш, ца дохкийта рейдаш ю Нохчийчохь дIахьош. Полицино бинчу хаамца, 30 сов стаг лаьцна уьш арахь духкуш. Ткъа меттигерчу бахархоша тоьашаллаш до, шайна иза криманал юйла ца хаара, бохуш. Оьрсийчоьнан низамо доьхку паспортан билгалонаш дIа а язъянза стеган долахь сим-карта хилар. Амма сим-картанаш хIумма а хала дац арахь махбечу нахера эца, бохуш леткъамаш бо полисхоша.
Оцу картанех пайдаоьцу экстремисташа, бозбуанчаша аьлла хета полисхошна. Оршоьтадийнан рейдо Соьлж-ГIалахь базаршкахь, туканашкахь даьхна 100 сов маьршша духку сим-карта.
Лецначарна таIзардан лерина ю полици.