Your browser doesn’t support HTML5
Карарчу хенахь тIетаьIIа тодеш, битаме далош ду цигахь, урс хьаькхча санна Iаламо «хедийна» некъаш,кхерамечу зиле кховчийна тIайш.
Кхушара санна цкъа а эха а ихний те аьлла хоьтуьйтуш, комаьршша охьайилхинчу стигалх а, хIинца санна наггахь бен хуьлуш йоцчу ницкъалчу йовхонах а дуьйцуш ву Бена-Веданара вахархо Ахматов Iалавди.
Iалавди: «Хаза нехан санна тадеш ду некъаш массо меттехь. Дохийна дукха дара. Шордеш,шина агIор хи охьадахийта биргIанаш а йохкуш башха тодеш ду некъаш ду. хьалхо догIанаш бахьнехь цIенош галдийлинчарна цIенош а доьгIна. Кхушара санна суна дага а догIуш,баккхийчара дийцарца а,ишта йочанаш хилла яц кхузхьа.»
Бахархой цец а бохуш,таро йоцчуьнан таро еш,дуьненахь оцу кепара,массо хьелаш а долуш хIусамаш ян аьтто хинбоцчеран а аьтто барх,воккха а веш дуьйцуш ву кхин дIа а Ахматов Iалавди.
Iалавди: « Бена куст юкъайогIуш цхьайтта юрт ю. Токхамаш дукха хиллера. Йоццачу хенахь вуно тоьлла цIенош доьгIна эшам хиллачарна. Цхьаьллиг цхьа хIума дан дезаш доцуш,ча а вахана охьахиъчахьана волуш хIусмаш . Газ,хи,-массо хIума а дина,холодилнак биста кхаччалц. ТIаьхьло а йолуш дика дина цIенош».
Йочанаш а,йовхо а бахьнехь бахархошна хиллачу тIеIаткъамах дийцина Ахматов Iалавди тешна ву Iедалехь болчара,кханенаш йохкуш, таьжгенаш а ца лелош, хIусамашца а, некъашца а сел сиха гIо даро ламанхойн дегнаш синтемах,тешамах дуьзна аьлла.Изза Iаламан карзахалла бахьнехь кхин халонаш ловш бу аренца Iохкучу кIошташкара махкахой..
Оццу йочанаша цхьана агIор цанаш,дежийлаш,ялташ хьекъийнехь а,вукху агIор зенаш а дина: мехашца ихначу догIанаша охьадийшийна ялташ схьа ца эцалуш дараш хилларш кIезиг бац латталелорхошлахь. Дукха масалш ду догIанаша кепа тоьхна докъар хIаллакйина а.
Охьанехьа,Теркаца Iохкучу кIошташкахь ,мел хIун зенаш дина хаа а хала а долуш, шатайпа тIеIаткъам бина йовхоно а. Дукхахболчу бежнийн лоьраша а,зеделлачу къаноша а цуьнца,йовхонца дузура, веччалгаш, къийзоргаш,чуьрк-мозий,кхийолу сагалматаш а яржар а,цул тIаьхьа цхьацца цамгарша даьхний эгор а. Къасьттина коьртах а даьккхина далхош ду массара а веччалгийн олу лазар а, халкъалахь буьччалгийн цамгар аьлла цIе яхана нодуряльный дерматит я бугорчатка олург а.
БIеннашкахь багарбал бу ярташкахь хьелий,ур-аттал дIатиссина,чохь кхобуш дарстош долу бежний делла бахархой. Царна юкъахь кIезиг бац,тIо-кIалд латтош, доьзал хене боккхуш болу,цхьаъ бен боцу етт белла долахой а. Бакъдерг дийцича царна гIо дан дола-м муххале а ца дина Iедало,оттал хьехош а дац цкъачунна. Хьехош дацу и гIа ца дича дан амал доцурш дукха белахь а