Дешар - бода, цадешар - серло

ТIаьххьарчу шерашкахь къаьсттина хаа а луш, дешаран-Iилманан тIегIа мел а лахъелла Къилбаседа-Кавказерчу регионан мехкашкахь. Доларчу офисашка балха кегийнах оьцуш, кастингех чекхбохучу хенахь гучудолу, мел хаарш ду церан.

Your browser doesn’t support HTML5

Дешар - бода, цадешар - серло

Москох бизнес йолийна, йоккхачу офисан куьйгалхочо, Дагестанера орамаш долчу Сулейманов Муртуза яздо зорбанехь, шен фирмина бухгалтер хьаштхилла, интернетехула кхайкхам бинера ша даймахкарчу бахархошка, амма резюме схьаяийтинчех цхьаъ сан лехамашна жоп луш вацара.

Иза йоккха катастрофа ю, боху цо йоллу Кавказна.

Дац цуьнах дуьйцуш Кавказерчу цхьана а Iедалан хьукматерчу хьаькамо, я шаьш берийн дай-наной а бац орца дохуш, церан неI етташ.

Кавказерчу блогеро Аскеров Iелас а далхадо хIоьттина кхераме хьал. Иза цецвуьйлу, Кавказера оьрсийн гIаланашака деша оьхучу берех.

АттестаташтIехь оьрсийн меттан пачхьалкъан экзамен дIаяларан уггар лакхара барамаш хуьлу, боху цо, ткъа къамеле бевлча, царна ца хаьа оьрсийн маттахь я ши дош вовшахтаса а.

И сурт хуучу бухарчара дуьхьалдетта боху, кхардаме, шун Кавказехь лаьмнашка лакха хьала мел вели, хаало, пачхьалкхан экзаменашкахь лаккхара жамIаш дохку берашна».

ХIора а дена-нанна лаьа, шен доьзалхо лоручу университете деша хIотто, цундела декхаре хуьлу уьш шен доьзалхочунна тIе ца тоьа хаарш кхаьънашца эца.


Амма буй-те берриг бехк оцу лаьмнашкарчу берийн? Дукха шерашкахь Соьлж-ГIаларчу лакхарчу доьшийлашкахь хьехархо лаьттина, тахана пенсехь ю Серганова ТIаус.

Цунна дика евза дешаран система шен чокоцанне. Советан заманахь шуьйрра пайдаэцна ингалсан философан Бэйкон Фрэнсисан «Хаарш - ницкъ» боху дешнаш карарчу хенахь мехал цахиларан бахьанаш дика девза цунна.

Серганова ТIаус ю дуьйцуш.

Серганова: «ТIом бирзина дуьххьарлера пхи шо дуй, хIетахь студенташ чIогIа дешарна тIера бара. Психологица дуьстича, и дара, оцу тIамтIера ойла юхаерзон, и суьрташ дицдархьама, дешарна тIеерзош шайн ойла.

Цу хенахь хала хьелаш дара. Чохь шийла а хуьлура, корашка килонкаш тухий, буржуйка олу пешаш хIиттийна, хала даьхкина тхо. Наггахь арахь лелхийтарш, кхийсарш хезара, чIогIа кхераме хьал дара. ХIетте а деша лууш дара бераш»!

Делахь а мекарло хир яра, боху ТIауса, берриг а бехк Iедалан куьйгаллерчарна тIе а теттина, шаьш кегийрхой бехказа бахар.

Серганова: "Тахана массара а олу, диплом - коьртаниг ду, хаарш ца хилча а кIад дац. Иза цхьана бухера схьадаьлла ма ду. Дукхахберш хааршна тIаьхьакхиа гIерташ бац, я школера бер, я лакхарчу доьшийлера студент а.

Церан муха Iалашо юй, хIааа, хIара дешар суна цхьанхьа дикачу балха дIахIотта, дахарехь цхьа аьтто бан, цхьанхьа даржехь воллчу гергарчо суна меттиг хир бу аьлла. цундела оьшу. Делахь, ваха а, Iен а деза-кх сан, сайн доьзал, да-нана, уьш кхаба а хьакъ со ву-кх, аьлла, и ойланаш кIеззигчийн хуьлу».

Оьрсийчуьрчу дешаран-Iилманан хьал тиша хилар гуш ду, оцу пачхьалкхан университеташа дуьненаюкъарчу рейтингехь дIалоцучу меттиган тидам бича а.

Масала, дуьненаюкъарчу университетийн академин рейтингехь Оьрсийчоьнан ши лаккхара доьшийла ю билгалъяьккхина.

Халахеташ делахь а, яц цу юкъа йогIуш цхьа а Къилбаседа Кавказан университет.

Оьрсийчуьрчу тоьллачу лакхарчу доьшилийн тептаршкахь я яц я ХIинжа-ГIала, я Соьлж-ГIала, я БуьритIе, я Нальчик а.

Цхьана а меттехь яц ур-атталла, я Ставрополь а, я Краснодар а.

Советан Iедало шен куьйгакIелхьара халкъ кху дуьнентIехь уггаре а дукха жайнеш, тептарш доьшу халкъ ду боъуш кхиира вай.

ХIинца Оьрсийчоьно а боху изза.

Амма дуьненан статистико далочу терахьаша ца гойту и бакъ хилар.

Мелхо а, пачхьакхан рейтингехь уггаре а кIезг бахархоша кара тептар оьцу меттиг ю боху Оьсрийчоь.

Ткъех шерашкахь юьртарчу школехь оьрсийн мотт хьоьхучу Дунаева Эльмире хаьттира Маршо Радионо, муга го цунна хьал шена хьалхарчу дешархошлахь.

Лакхарчу доьшийлашкахь эрна хан йойуш, я цхьа киншка ешна а шайн хаарш шорда а ца лууш, стенца ду-те цу берийн самукъа?

Дунаева: Ас берашца хIун халонаш хьоьгу аьлча, цара киншкаш цаешаран бахьанашца. Интернет, телефон и компьютерш юккъе а евлла, киншка йоьшурш банне а бац. Цундела церан йоза а, буьйцу мотт а гIалаташца бу. Киншка йоьшучунна дош нийса яздан а, ала а хаьа.

Тхо кегий долуш, библиотекехь книга оьцура оха еша, кхана-лама и киншка юхаяхьаш тхо даьхкича, библиотекан белхахочо хеттарш дош, охкура тхо: хазахийтин шуна киншка? Муьлха турпалхо дукха везаваелира, олий. И стенна дара, тхан хаарш зен. ХIетахь бийца багахь хаза мотт а хуьлура, йоза а хуьлура ишта цIена. Тахана киншка йоьшуш вац я жиманиг а, я воккханиг а

Оцу юкъанна. Москохарчу бизнесхочун Сулейманов Муртузан санна проблема ю хIоьттина Прагерчу Маршо Радион сервисехь а.

Нохчийн маттахь хецна къамел дан а, нийса яздан а, кIорга болх хууш журналист лоьху цо даим а.

Амма схьакхоьхьуьйтучу резюмен матто-йозано гойту къахьега лаам къадораш мотт хууш а боцийла.

Иза а ду говзаллаш Нохчийчохь лекъаш юйла, мохк дебо хуурш тоьаш боцийла гойту сурт.