"Дохковаьлла" Тутаев дIахецна Кадыровс

Болгарино депорт а йина, Москох дIавелла Гермчигара Iеламча Тутаев ШоIип кIира хьалха Соьлж-ГIала а кхачийча, лаьцна кхобура Кадыровн Iедало. Кхаарийн сарахь, телевизионехула иза Кадыровна хьалха дохковолуш а гайтина, дIахецна.

Интернетехь даржийначу суьрташ тIехь лазийна пIелгийн хьорканаш ю Тутаевн.