Your browser doesn’t support HTML5
Ибрагимов Ризвана 10 жайна яздина, царех 5 зорбане а даьлла, довза луучунна девзина. Пхиъ ала дац арадер ду – авторна дихкина кхидIа яздан а, дийца а цунна ма-хетта нохчийн къам стенгара схьадаьлла, муьлхачу заманара бу цуьнан орамаш.
Юхьанца, кхо бутт гергга хьалха, Ибрагимов а, цуьнца кхин цхаъ яздархо-историк а вадийна, даима а санна, муьлш бу ца бевзаш бисинчара вадийра. Денош девлча, Кадыров Рамзанна тIе а вигина, довдеш, дакъаза а ваьккхина, дIахийцира.
ШолгIаниг хIеттехь ведда махкахвелира, ткъа Ибрагимов Ризван, шена дендолу таIзар хьалххе ган а гуш, ца хIоьттира махкахвала.
ХIинца иза хьерабевллачийн цIийнехь ву, амма араваьлча а дац ала, цуьнан дахар маьрша хир ду.
Стенна бехкево иза? ХIунда ца мега цуьнан тептарш харц хетачаьрга цо санна зорбанехь а алийтина, Iилманчашка цуьнан белхаш листа а листийтина, ша Ибрагимов, ца хьийзош, вита, цуьнца лелориг низамца догIуш а ца хилча?
Ткъа и хаттар Кадыров Рамзане ду. Цо жоп лур доцийла а хаьа.
Ибрагимов Ризванца хьераваьлла ву я вац, догIу я ца догIу психиатриян хIусаме а лачкъийна, цо цхьаьннан легаш Iовдале, нахах херван санна, таIзаре верзо?
Мила ву кхетамбоцчу нехан хIусаме рогIехь кхачонволу яздархо, историк, политик-тергамча, бакъоларъярхо? Хаттар диллина дуьсу, шена цавезарг Iедало я набахте, я Ибрагимов Ризван кхоббуче кхаччолц.