Оьрсийчоьнан кеманаша тохарш дина Шемахь

ГIажарийчуьрчу Хамадан аэродромехь латтош ду Оьрсийчоьнан геннара бомбанаш етта кеманаш, бохуш хаамаш бора зорбанаша хьалхо. Оьрсийчоьнан тIеман министралло дийцарехь, оьрсийн Ту-22 М кеманаша шаьш лаьттинчу аэродромера хьала а гIуьттуш тохарш дина Шемин президентна Асадна дуьхьаллаьттачу оппозицино дIалаьцначу позицешна.

Хьалхо дуьненаюкъарчу Almasdar News агенталло дIахьединера гIажаройн аэродромехь Оьрсийчоьнан Ту-22 М, Ил-76 кеманаш ду къайлехь латтош аьлла.

Агенталло билгалдаьккхина Оьрсийчоьно а, ГIажарийчоьно вовшашца керла бинчу бертаца ду, оьрсийн кеманаш цигахь латтор.