Нохчийчоь йодуш ю Нохчийчуьра

БIеннашкахь, ца хеддаш Полшин дозанехь – Европан кевнашкахь лаьтта нохчийн керла-керла тобанаш кху массех баттахь. Дукхахболучийн аьтто болу дозанхошкара къинхетам а боьхий, некъ кхидIа а бан. Стенна ду нохчий къам, шен маках а къехкаш, децIера додуш?

Your browser doesn’t support HTML5

Гаттонах уьдуш, дуьне ма-дду...

Нохчийчоь шен аьтто ма-боллу йодуш ю Нохчийчуьра. Бресте а кхочий, цигахь Полшин дозанхошка дехьабовлийтар доьхуш, деладенна тIеоьху нах, лаххара а лаьтта 400 гергга стаг.

Цкъа-шозза дозанхойн чоьнаш чу а кхаьчна, къа-бала балхийча ца хуьлу гIуллакх. Бу 30-зза, 40-зза чубоьлхурш а. Берраш а санна, нохчий бу и нах.

Заманаш хьалха цIера водучу стеган коьрта дозанехь дуьйцу бахьана хуьлура – тIом, федералийн диктатура. ХIинца наха юьйцург таханлерчу Нохчийчуьрчу хьакамийн къизалла ю.

Массара а ца боху, махкахь олалла латточара шайн легаш Iуьйду, шаьш дойуш ду. Гатто ю мигранташа дозанхошка шаьш кехата тIехь далхочу бахьанашкахь юьйцург. Маршонех гатто – хьан уллера стаг, боцчу бехканна дIавуьгуш, хьан дуьхьалхIотта йиш а яцар, кхана изза сурт хIоттийна, хьо вига полисхой кхачарна кхерар.

ШолгIа бахьана – мацалла, болх бац, даа дац, доха дац.

Брестехь цхьаберш шаьш цIахь дакъа духкуш, я шен тиша-киша машен юхкуш гулдинчу ахчанаш кескаш а йохуш, меттигера петарш а лоьций оьху дела денна гIалара дозане, юха а деха, юха а полшахоша шайх къевлина латточу кевнех беттабала.

Польше дехьабовлабелла нах Европехула дехьа-сехьа кхачош напха доккхуш ву дуккха хенахь дуьйна Германехь веха Висхан. Цуьнга дуккха а наха дуьйцу, шаьш децIахь Iедало хIоттийначу гаттонах уьдуш хиларх лоций.

Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин «Дублин-2» олу низам лела тахана а, иза мел вон ду шаьш Евробертан векалша дийцахь а. Цо ца магадо цхьана пачхьалкхе воьссинчу мухIажирна мохк хийца. Цундела лаьтта ца хеддаш Полше кхаьчна нах Германе я Франце, масала, дIабахча, цигара Iедалша юхакхуьйсуш. Ткъа Полшехь ишттачу нахана кечйина ю депортан чоьнаш, къевлина набахтеш.

Нохчийн диаспори лидер ву Полшехь Ильясов Шарпудди. Цуьнан кхиболчу балхал а хьалхабаьлла лелаш ши гIайгIа бу. Европерчу мехкашкара юха Полше нохчий дIалестор, цаьрца система шога хьийзар. ШолгIа проблема – нохчийчуьра ца хеддаш, Бресте а кхочий, махкачу бахка вайнах гIертар.

Полшерчу нохчийн диаспоран лидеро Ильясов Шарпуддис Нохчийчоьнан Iедална хьалха хIиттаде хаттар Европехь мел бехачу нохчийн даггара ду: буй-те нах махкахбийлар даймахкарчу Iедалхойн коьрталазам?

Нагахь санна доглазахь цхьаъ дан-х догIурий. Ткъа олуш дош а доцуш, цхьа наггахь Европера резадацар хазийначу цхьанна, тIаккха вукху махкахочунна кхерамаш тийсар доцург, Нохчийчоьнан куьйгалхо дIаIахь, шеко йоццуш ала ду таханлера дозанашкара сурт тергалдечун – кеста дерриг а къам махкара дада а дедда, байлахь дуьсур ду нохчийн дай баьхна латта.