Your browser doesn’t support HTML5
Украина пачхьалкхера а, Юххерчу Азин Шемара а тIемаш бахьнехь дукха нохчийн кIенташна хенал хьалха Iожалла карийна.
Билггал уьш цигахь мел белла ала церан чот-хьесап деш а вац стагга а, я цхьа Iедалан урхалла а.
Европера дIаихна эгнарш а бу,ткъа Украинехь беллачех цхьаберш цIахь тезеташ а ца хIиттадойтуш, дIаберзийнарш а бац кIезиг.
Цу шайн боцчу хийрачу тIемашка вайнехан кегийрхой лестар шатайпа гайтам-тIегIа ду аьлла хета кху Нохчийчохь кест-кеста кхела хьалха а хIиттош,къона бахархой набахтешка хьежор.
Кху деношкахь Соьлжа-гIалин Заводан кIоштан суьдо 3,5 хан а тоьхна, набахте хьажийна Сайдулаев Ислам. Талламхоша далочу тоьшаллашца шо хьалха Сайдулаев Хонкар махка кхаьчна Шемапачхьалкхан тIамтIе кхача Iалашо йолуш, амма Хонкар мехкан къайлахчу сервисан белхоша лаца а лаьцна, Оьрсийчу юхахьажийна.
ТIамехь хилла а воцчу цунна оццул дина таIзар тIех луьра лору цхьаболчу герагарчара. Сел дукха цунна хан тохар шеконе дуьллуш,лач делахь а тоьшалла лара ду, схьахетарехь, стигал къекъачу баттахь Шелан кIоштан кхело, бакълена а Шема тIамехь хилла Тилдигов Рамзан изза 3,5 хан тоьхна витар.
Талламхоша динчу зераша ма-гайттара, Хонкар махкахула а вахана, 2013 шо чекхдаллалц Шеман тIамехь дакъа а лаьцна, цул тIаьхьа дохко а ваьлла цIа вирзина хилла таIзар динарг.
Кху шеран баьстенан хьалхарчу баттахь низамхой лорх а кхиъна лаьцна кхела хьалха хIоттийна ву Талхигов. Цунна тоьхна хан дукха хеташ Лакхарчу кхеле чуделла арз-дехар хIинцца-хIинца дийцаре а дина хийцам боцуш дитна суьдхоша.
Арахьара тIемаш бахьнехь цу кепара вайнехан берашна кхелаш кхайкхийна масалш дукхе дукха ду.
Кху карахь болчу Марсхьокхучу беттан юьххьехь 2,5 хан тоьхна набахте хьажийна Махмудов Сайд-Салахь цIе йолу вахархо.
Иттаннашкахь багарбал бу кху тIаьхьарчу шерашкахь изза тIемаш бахьнехь маршонех хербина кегийрхой.
Дахарехь зеделлачу хенарчу нахана хетарехь генара а, гергара а тIемаш бахьнехь леца а лоьцуш чубухкучу кегийчу нехан терахь кесталгIа лахлур ду ала а дац.
И лахдала цхьа бахьна ца гучех ву Соьлж-гIалин кIоштера пенсахо Хасанов Ширван а.
Ширван: «Дера лахлур дац кхузаххьа-м. Бан белхаш бац, доьзална дан хIума дац. Цундела дIаоьху. ГIазота бохуш тIаме оьхурш а бу ба-м, амма дукха бац. Шайна хIума яккха, хIонс лаха дIаоьху нах.
Кегийчарна пенсии ца догIу, бан болх бац. Цундела дIаоьху. Кхин бахьна а ду. Даьлларг хIума а доцуш, жимма шеко хилча а лоций дIабуьгу кегий нах, тIаккха гергарниш лорх ца кхуьуьйтуш масех бутт боккхийта.
Ишта дIаоьху-кх, тIаме а оьху, хене бовла, баха а оьху. КесталгIа ишта махках буьйлурш совцур бу аьлла сунна ца хета. Хенаш еттар а дахлур ду суна моттарехь".
ТIемаш бахьнехь лоь-цуш лаьттачу нохчех дийцинчу Хасанов Ширвана билгал ма аллара, цу яманан чIиже а бахарна бехкаш кхийдош ца лецча а кху чуьра тIеман хиламаш бахьнехь лоьцуш берш а тоьур бара нохчийн къомана.
Шен цIахь бен-бен патармаш дIа а дехкина хьуламехь латторна кху муьрехь Шелковск кIоштана суьдо арахь яккха ши шо хан а кхайкхийнарг ву 41 шо долу вахархо Астамиров Iиса. Кху тIаьхьарчу иттех шарахь махкара тIеман хиламаш бахьнехь мел кегийрхой хьежийна нохчийн кхелаша набахтешка?
Цунна жоп дала а статистика йоцуш ю.