Ахматова Раиса. Сайн седа лоьхуш

Your browser doesn’t support HTML5

Ахматова Раиса. Сайн седа лоьхуш

Сайн седа лоьхуш

Ахматова Раиса

Жима йолуш кест-кеста йолура ара.

Буьйсанан йистехь, стигланан лакхехь

Лоьхура серло - и седа бара,

Сайн дагна хазбелла,

Хаьржина седа!

ДоттагIчо санна, седане ас хотту:

"Алахьа, хьо буй-те сан ирсан седа?"

Амма шен паччахьийн лакхара хьоьжург

Лепара жоп ца луш, латта шех хьегош.

Юьртарчу йоIана, суна, ца хиъна

Хиллера и лепар - алун ницкъ буйла.

Хаацара лаьттарчу ураман новкъахь

Сирлачу бIаьргаша со лохур юйла!

Цу шингахь хаало сан даг чу кхийдар,

Царшимма хаттар до: "Хьо юй тхан серло?"

Сан ирс мел совдаларх, шу хир дац хийра:

Хало а, атто а йоькъур цхьатерра!

Шуьшинца некъ бан со кийчча ю тахна,

Хинйолу сан стихаш керла аз хир ду.

Къан ца лун даггара безам а бахна,

Суна шу лепийла, лаьттан ши седа!