Ахматова Раиса. Паччахь ю со хIинца

Your browser doesn’t support HTML5

Ахматова Раиса. Паччахь ю со хIинца...

Паччахь ю со хIинца

Ахматова Раиса

Паччахь ю со хIинца. Шорта ду хьал а,

Дуьненан хазалла - ерриг сан ю.

Вола сан хIусаме - ахпаччахьалла,

Ахь дехахь, и хьуна ас дIалур ду.

Ахь ехахь - дIалур ю аренаш, хьаннаш,

ХIаваэхь тохкур ду ас хьуна тIеш.

Лелачу некъашка, кузашка яржош,

Тосур ю стиглара кIеда мархаш.

Ахь дехнарг дерриг а дIалур ду хьуна,

Седарчий хорханаш езахь лур ю.

Сел боккха ницкъ болчу ирсечу суна

Хьо а ишшта ирс долуш ган луур ду.

Дехахьа... ХIинца а ца хьа хьуна -

Хьан безам буйла и ницкъ белларг хьуна?!