Your browser doesn’t support HTML5
Хьо волчу йогIу со
Ахматова Раиса
Хьо волчу йогIу со
Ламанан новкъа,
Кераюкъ лепачу
Седанах юьзна.
Дуьххьал-дIа хьо лела
Некъ серлабаккха,
Йохьу ас седанан
Серлонан хазна.
Буьрсачу дарцо хьо,
ДоттагI сан, шелвахь -
Сихлур ю, малх хилла,
Со юххе яла.
Хир ю сох Iуьйре а -
Ойлано гIелвахь,
Буьйса а санна, хьан
ГIайгIа дIалалла!
Некъ бечохь мох-дарц а
Нислуш ду хийла.
ДогIано хьовзавахь,
Сан цIе ахь яккха, -
ГIоттур со, бIаьстенан
СтелаIад хилла,
ДогIано тIадорах
Хьо хьалхаваккха.
Хьаглой хьо, - ламанан
Шовда а хилла,
Хьо волчу хьодур ю
ТIулгашна юккъех.
Нагахь хьо къовсамехь
ГIо оьшуш хилча,
Орцах со кхочур ю -
Ларор ду вайша.
Хьо волчу йогIу со
БIаьстенах, эсал,
Цхьана а халонах,
Дарцах ца кхоьруш.
Даггара тешалахь:
Хир яц со осал,
Къонахчун некъаш ас
Хьоьца дIакхоьхьуш.