Your browser doesn’t support HTML5
ТIаьхьарчу хенахь Францехь теракташ хиллачул тIаьхьа юкъараллехь нехан юкъаметтигашкахь хийцамаш хила буьйлабелла. Ишта а эккха кечъелла хIума санна долу хьал чолхе доккху Францин юкъараллехь яьржаш йолчу ксенофобино.
"Pew" цIе йолчу талламан институтан хаамашца расизм яржарна Итали дIаяьлча шолгIачу меттигехь ю Франци. Цигахь тахана къаьсттина яьржаш ю расизм прессо дийцарехь а, цу хьокъехь болх беш йолчу ассоциацеша дийцарехь а.
Францера "SOS Racisme" ассоциацин юристийн декъан коьрта хьаькам йолчу Бейар Маринас боху "Le Parisien" газетана ша еллачу интервьюхь:
"Ниццехь а, Saint Etienne du Rouvray гIаланашкахь теракташ хиллачул тIаьхьа расизман хиламаш а, кхайкхамаш а баьржина къаьсттина бусулба нахана хьовсийна болу."
Аьхка отпускан режимехь болх беш хуьлура шаьш хьалха, ткъа карарчу хенахь шайн болх алсамбаьлла, боху цо.
Иштта Сэнт Етьен дю Рувр гIалахь мозгIар вийна дукха хан ялале, Барентaн (Barentin) цIе йолчу жимачу гIалара сенегалера схьавалар долчу 73 шо долчу къеначу бусулба стагана къиза йиттина цхьана расизман хьежамаш болчу цигара талорхочо.
Алексис Беду цIе йолчу журналисте талорхочуьн дешнаш довзийтина воккхачу стеган йоIа, ша цу стагна урс хьакха гIерташ вара цара тхайниш ма байъара иза вен, боху цуьнан дешнаш.
Талорхо полицино лохуш ву, аьлла хаам а бира прессо.
ТIаьхьарлерчу терактех тIеIаткъам беккъа цхьана бусулба нахана хилла а ца Iа, кхечу тIебаьхкинчу нахана а хилла.
ХIокху деношкахь Чинера схьавалар долчу 49 шо долчу Занг Чаолин цIе йолчу бедарштегархочуьн валар хилла Обервиль цIе йолчу гIалахь цунна дина тIелатар бахьана долуш. Оцу бахьанца масех эзар Чинера вахархо гул а велла хIокху деношкахь цу гIалахь йоккха демонстраци йина расизмана дуьхьала. Масех баттахь I05 тIелатар дина шайна аьлла дIахьедина цара.
Ишта а чолхе долчу хьолана цIерга даьтта дуьтту, вай хьалха хьаха ма дарра, цхьаболчу политикаша, юкъараллехь мелхо а барт ца бохарна тIехь къахьега дезаш болу. Дийцина ма-хиллара, зударийн "буркини" цIе йолчу хийистехь лелочу духарна дуьхьабовлуш бу хьалхий-тIаьхьий Францин политикаш а, гIалийн тхьамданаш а. 39 евро гIуда а, оцу духарца хийисте дахка бехкам а тIедожийна зударшна Францин къилбехьа йолчу гIаланашкахь.
Амма берраш политикаш бац бусулбачарах юьззина йолчу шайн пачхьалкхах эккха кийча мина хилийта лууш. Дукха хан йоццуш "Францехь Ислам дин хийца деза" бохуш хьалхара министро Мануэль Вальса бинчу кхайкхамна дуьхьала жоп делла "Халкъан Фронт" партин вице-президент волчу Филиппо Флориана. "Вайн гIуллакх дац Францера Ислам хийца, цу тIеххула тIе вайга иза цкъа а дан а лур дац," - аьлла цо.
Маьждагашна арахьара чудоуьйту ахчанна Iедало бехкам бина, ткъа Оьрсийн пачхьалкхо Парижера шайн килс тодан даийта леринчуI00 эзар еврон хьокъех хIун эр дара ахь, аьлла шега "France inter" радион журналисто хаттар делча, дин бен а дац, иза а цу бехкамна юккъедогIуш ду, элира цо.
Оцу хиламашна юккъехь болчу Францерчу вайн махкахошца зIене девлира тхо царна шаьш лелачухула хIун тосаделла а хоттуш. Вайн махкахочо Амирова Таисас дийцира шена цхьа а хийцам хаа ца белла шега йолчу юкъаметтигаш тIехь, аьлла, ткъа машен лелон хууш йолчу вайн кхин цхьана махкахочо Мусаева Мадинас а дийцира цIенчу францхойн ларам хуьлу шега, ткъа тIебаьхкинчу нахана хIума ала гIертарш дукха хьолахь шаьш а тIебаьхкина нах хуьлу, аьлла.