Италина доккха зен дина мохкбегоро

Кхааран буса 3.30 сахьт даьлча мохк бегийна Италехь. Белла иттаннаш, дукха нах лазийна. Эпицентр ю Норча, Аккумули коммунаш, Аматриче, Пескара-дел-Тронто г1аланашкахь.

Мохкбегоран бохам лайнарш Италин юккъера регионаш ю, доккхачу декъехь лаьмнашца Iоьхкучу кегийчу гIаланашца а, ярташца а. Пачхьалкхан орцакхачоран хьукматан векалша кхаари Iуьйранна бинчу хаамашца, Аккумули а, Аматриче а цIе йолчу меттигашкахь бегийна хилла мохк.

И ярташ вуно чIогIа йохийна а ю. Мохк бегийначул тIаьхьа латтанаш такхар бахьана долуш ламан басешца Iоьхкуш долу нехан цIенош а, туристашна лерина кегийра хIотелаш а, ур-атталла меттигера ишколаш а йохийна. Амма бохам буьйсанна хилар бахьана долуш ишколашкахь бераш ца хилла.

Официало 60 сов стаг ву велларг аьлла дIакхайкхина бохам хиллачу кIоштийн урхаллийн векалша. Амма сахьт дац и терахь кхин дикка лакхадала, хIунда аьлча, цкъа делахь, бIе сов болчу лазийначарна юккъехь дуккхаъ кIелбисинарш бу. Ткъа шозлагIа делахь, вуно доккха ду хIинца а каронза, ларйоцуш байначийн терахь иттанашкахь ду. Сахьт дац, гIишлойн херцашна кIелахь церан декъий кардан. Цул совнаха, масех эзар стаг коьрта тIехь тхов боцуш висина, шайн цIенош дохорна.

„Иттанаш баъйинарш бу тхан. Дукха нах хIинца а хершцашна бухахь бохку. Тхо кхузахь декъий охьадехка мегаш йолу меттиг Iалашйан гIерташ дохкуш ду“, - аьлла бара Аматриче гIалин мэр волчу Пироцци Стефанос хиллачух лаьцна дуьйцуш дуьххьара меттигерчу ANSA агенталле телефонехула бина хаам. Цо иштта элира, хIинцалера мохкбегор 2009-чу шарахь Лакуиле гIалахь хиллачуьнца дуста йиш йолуш ду, аьлла. Карладаккхарна аьлча, хIетахь Италехь 300 стаг вийра мохкбегор бахьана долуш.

Италехь бехаш мухIажарш санна дукха вайнах бацахь а, амма дукха бу тIаьхьарчу шерашкахь цу махка мехе оьхуш вайн махкахой. Цул совнаха, кху деношкахь цига садоIа бахана бу Нохчийчуьра а, йоллучу Европера а вайнах. Хетарехь, царех цхьанха а Делан къинхетамца и Италера мохк бегор хьакхаделлачух тера дац, карарчу хенахь цу махка мехе яханчу Кацаева Тумишас Маршо радионе ма-дийцара.

Кацаева: „Тхо хIокху Флоренцин, Миланан агIор ду, и мохкбегор Перуджа а, Лацио а агIор хилла ю, цигахь вайнах бу аьлла ца хета суна. Алсамох вайнарш Римини а, Милна а агIор хуьлу, я хIорд болчохь хуьлу. Хала-м хета и бохам баьлла, ирча хIума ду-кх иза, мохк бегор а, хи хьадар а боккха бохам бу-кх, мел вадарх кIелхьарвала аьтто боцуш. Къахета-кх цигахь байъинчех“.

Шен мохкегоран ондаллех аьлча, Цхьаьнакхеттачу Штаташкарчу геологин сервисо бинчу тидамца, Рихтеран шкалаца дуьстица 6,2 балл ницкъ болуш хилла мохкбегор. Хьалхара бегорш сахуьлчу хенахь деалгIачух ах даьлча хилла, ткъа цул тIаьхьа цхьа сахьт даьллачул тIаьхьа 5,5 балл болуш юха а бегийна. Юкъарчу хьесапехь 60 иттаза ластийна цу регионехь латта, юх-юха а ласторш хуьлуш деа сохьтана дах а делла и ирча хьал.

Цу юкъанна, Италин орца кхачоран хьукматийн болх шогачу критике беш бу меттигерчу хаамийн гIирсаша а, бахархоша а. Оццу Аматриче гIалин мэро Пироццис дийцарехь, орца кхачорхой а, оьшуш йолу техника а вуно тIаьхьа бен ца кхечира бохам ловчу меттигашка – мел кIезга а, кхо сахьт, ах сахьт даьллачул тIаьхьа баьхкинера уьш.

„Сахиллачул тIаьхьа тхуна гира, хилларг тхуна моьттинчул кхин а инзарох хIума дуйла – эгна, дохийна цIенош, херцаршна бухара орцане кхойкху адамаш, хIаллакдина лаьтта гIалин доккхах долу дакъа“, - элира цо, карарчу хенахь уггаре а коьрта Iалашо ка ма-доллу алсамохчу нахана орца кхачор а, херцашна бухахь дийнаберш карон кхиар а ду аьлла билгал а доккхуш.