Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийчоь массийта низамца ехаш хиларна терго йо, цхьа жимма а кхузахь хан яьккхинчо. Оьрсийчоьнан низамашца, къоман Iадаташца а, шарIаца а.
Iадаташ, кхечу шина низамо Iаткъам беш, эшна догIуш хилар а го. "Нохчий" боху цIе тIаьхьатеттина.
Хьалхахь ду, бусулбалла, Оьрсийчоьнан патриоталла а.
Мел атта луш яц нохчалло шен меттиг го, оццула Iаткъам ловшехь, кху иттанаш шерашкахь а иза лаьтташ схьадогIуш хилча.
Хиджаб Нохчийчохь мел яржарх, иза атта тIе ца оьцу наха.
Шортта бу иза лелош, гонахь болчара агIор бIаьргаш а хьежош. Соьлж-ГIалара яхархо Садулаева Селима, бусулба дино ма бохху къовлаелла 6 шо ду.
ХIетахь дуьйнна, шен дахар а, нахаца йолу юкъаметтиг а хийцаелла, аьлла дийцира цо.
Садулаева: «Ас хIара духар тIедоьхначул а тIаьхьа, сан дахар хийцаделла. Со дуьнене а кхечу агIор хьежа йоьлла. Со Пятигорске а, кхечанхьа а яхча, керста белахь а, соьга чIогIа ларамца хьоьжу.
Цхьана форумехь а, суьрташ даха мегий оха бохуш хоьттура соьга. Ас хIара духар тIедоьхначул тIаьхьа, аренца сан цхьа а бала ца хилла».
Нохчашна шайн керлачу исторехь, муьлха а татанах кхера Iамийначу, шайх стаг тIехсов кхечарах къаьсташ-билгалвалар ца деза. Садулаева Селимина цIахь а изза хьал хилла. Кхераран а, цакхетаран а бух тIехь дара, шена цIераниш реза ца хилар, аьлла дийцира цо, кхин дIа а.
Садулаева: «Къаьстина нохчашна юккъахь хало дара. Хьалха хиллачу заманахь дуьйна, церан коьрта чу дирзина хIума, хийца хала ду. Царна хала ду иза тIеэца. Цара Iаьрбойн духар ду иза олу. КъорIан массо а бусулба нахана доссина ма ду. Ламаз дечу хенахь ма духу аш иза, олу ас. Нохчашна юккъахь хало хилла суна, керста нахана юккъахьчулла».
ТIаьхьарчу заманахь Европерачу пачхьалкхашкахь хилла терракташ йилбазмохь санна бIостнехь йирзина цигахь бехачу бусулба нахана.
Луьйчуш буркини олу, бусулба духар доьхна зудчуьнга Ниццехь полисхоша иза тIера дIадаккхийтина, гонах болчарна цуьнах там а хуьлуш.
Оьрсийчохь Ессентуки гIалара «Русь» цIе йолчу санаторехь а, и буркини йоьхначу нохчийн зудчунна дихкина бассейнехь лийча.
Цуьнах язйина «Кавполит» це йолчу сайтан тIехь.
Курортан администрацино оцу дехкаран бахьанаш далош аьлла, кхечу бикини йоьхначу нахана товш дац хьан духар.
Хьиджаб лелочу Садулаева Селимина цхьанна а тайпа доьхна хIумаца хета, буркини а йоьхна ишттачу метте зуда лийча яхар.
Амма цигахь иза ца лийчича а, цуьнан кIелдиса хIума дац, элира цо.
Садулаева: «Соьга хаьттича, бусулба зудчунна цхьа а иэшам бу аьлла ца хета суна и духар а доьхна. КIелдиса хIума а дац кхечу агIор аьлча. Цхьацца тобанаш ю аьлла хета суна и хIума деста а дой, айдой лелаш, бусулба динах чам баккха гIерташ».
Садулаева Селима нохчийн истори толлуш ю. Цунна ца хета, ша и духар доьхна аьлла, Iаьрбойн амал а, церан къоман ламасташ а схьаэцна аьлла. Хийра суьрташка хьаьжча а, го, нохчийн зударий мел къовлабелла хилла оцу хенахь. ХIинцалера, баккхийчарна иза кхето хала ду, элира цо.
Садулаева: «Цхьа бIе шо хьалха хиллачу суьрташка хаьжча а гуш ду, уьш хьиджаб хьовха, цул а а чIогIа къовлабелла лелаш хиллийла. Ахь царна и суьрташ гайтича а, царна тIеэца хала ду иза. Иштта ца хилла олу. Бусулба дин, цкъа гIеллуш, юха чIагIлуш схьадеъна вайн цIахь. Совета замано а Iаткъам бина вайн. Нохчаша, оцу Iаьрбойл чIогIа лелийна хилла-кх и духар».
Нохчийн юккъараллехь баккхий хийцамаш хилла. 2-3 бIешарахь, сапаргIат даьлла, кханенна ойла ян хан ца юьтуш, кIура юккъахь даьллина къам.
Массо а агIора Iаткъам лайна, леларехь а, духарехь а. Цхьаболчу Iилманчаша халахетарца хьалхалера нохчий хир бац бохуш, билгалдаккхахь а, дуьнене болу хьежам хийца ца белла нехан.
Шай дайша санна, сииношца маьрша а, хIара дуьне чутардаллал даккхий дегнаш долу нохчий бисна.
Тахана, баккъдерг дийцича, цхьажимма къовлабелла, массо а агIор.