ГIирмерчу гIезалойн Меджлисан куьйгалхочун гIовс, Iедало психиатриян цIийнехь латтон Умеров Iилми сихонца маьршаваккха аьлла тIедожийна Оьрсийчоьнна Евроберто. Украинерчу Евробертан векала дIахьедо, ницкъаша Умеров кхетамах тиллачу нехан цIийнехь латторо дуьненаюкъарчу адамийн бакъонашларъяран низамаш талхош хилар. Оьрсийчоьнан Iедалан тахналера некъаш Сталинан зама дагайоуьйтуш бу аьлла Украинан президенто Порошенко Петрос. Цо дуьне кхойкху Оьрсийчоьне, цо лецна кхобу политикан тутмакхаш цуьнга арахоьцуьйту хьелаш кароре.
Телехьожийлехь ГIирмера а, Донбассера а Оьрсийчоь араяла декхаре ян еза аларна ГIирмерчу Кремлан Iедало психиатриян цIийне кхачинйа Умеров.