Полшин доза дихкина нохчашна

Полшинний, Белорусинний дозанна уллерчу майданахь куп тоьхна Iен Нохчийчуьра мухIажирш шайн лаьттатIе бита реза ца хилла Варшава. И хаам баржийна Полшин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Блащак Мариуша.

Нохчийчохь тIемаш бац, цундела шаьш декхарийла дац мигранташна мухIажирийн статус яла, аьлла дIахьедина Блащака.