Your browser doesn’t support HTML5
ТIехь олалла цаловш, ша оццул жима доллушехь, летта къам нана-яккхий имперешца. Ца къарлуш схьайогIу тахана а.
…Делахь а, къоман амал каг а йина, кхечу хьесапе иза дерзо гIерта тIейоьсина зама. Нохчийн историно «хьалхара президент» олу Ломан республикан лидер лаьттинчу Чермоев Тапех, ткъа махке таханлерачу политикех бохуьйту иза.
Цхьана декъо къоман мостагIий лоручу нахах вукху декъо къоман дай а олуш хьал ду олаллехь.
...Замано дерриг а дIанисдийр ду шен метта, ишта хадор бу мах школехь дешаран шо долалуш таханлера мехкан хьаькамаш хестабеш хьехархочо дIахьочу белхан а.
Iамо цуьнан кара кхаьчначу берех къахеташ кхехка нохчийн интернет. Школа муьлхарниг ю, хьехархочун цIе хIун ю хаа лиира Маршо Радиона а. Амма Интернете кхоьсина информаци схьакаро говзалла нохчийн администрацин бен йоцучух тера ду...