Шегара дарж дитинчу Оьрсийчоьнан берийн бакъо ларъечу урхаллин куьйгалхочун Астахов Павелан метте хIоттийна Кузнецова Анна. 34 шо долу иза, прессо бахарехь, бераш дIадахарна жигара дуьхьаллаьттачу политикех ю.
ЦIийнда мозгIар ву хIинццалц Пензехь «Покров» олучу доьзална, наношна гIодечу фондан куьйгалхо лаьттинчу Кузнецова Аннин. Иштта Путина кхоьллинчу Оьрсийчоьнан халкъан фронтан Пензерчу декъан лидер а яра иза.
Астаховс дарж дитина пIераскана, шен балханна цхьацца политикаша а, прессано а критика ечу муьрехь.