Германехь лаьцна Шемара веана кхо мухIажир. Цаьрна бехке дуьллуш ду, «Исламан пачхьалкх» олучу тобано омра а делла, теракт ян кечлуш хилар. Германин федералан прокуратуро дийцарехь, и кхо стаг Шемара Германе веана хилла стохка Лахьан-баттахь.
МухIажираш ду шаьш аьлла Iедалшка тховкъело а ехна, терроран тIелатарш кечдеш хилла и нах. И кхо стаг лаьцна Лахара Саксони а, Шлезвиг-Голштейн а латтанашкахь дIаяьхьначу полицин операцехь.