Нохчийчуьрчу лаккхарчу суьде латкъам бина Гериевн адвокаташа

Оьрсийчоь -- Журналистан Гериев Жалавдин адвокат Мусаев Iалавди.

Iедалшна оппозицехь долчу «Кавказский Узел»сайтаца болхбеш хиллачу журналистна Гериев Жалавдина набахтехь даккха кхо шо кхайкхийна Нохчийчурча Шелан кIоштан кхело.

Гериевна бехкедина нароктикаш лелор. Амма тоьшалла данне а дац цунна, боху адвокато Мусаев Iалавдис.

Талламчашна даредина хилла Гериевс ша наркотикаш лелийна аьлла, амма кхелехь юхадаьна шен и дареш, шегара уьш тIехь гIело а еш дехира, аьлла. Адвокато дийцарехь, вуно дукха бехк-такхаман процессан гIалаташ дийлийтина шайгара талламчаша, амма кхело ца эцна уьш тидаме.

Адвокатаца Мусаев Iалавдица къамел а дина кечйина ю хIара материал.

Your browser doesn’t support HTML5

Нохчийчурча лаккхарчу суьде латкъам бина Гериевн адвокаташа