Your browser doesn’t support HTML5
Францин а, кхечу мехкийн а хаамийн гIирсаша шоьтан дийнахь Парижехь терактан кхерам баьржина, боху хаам гIарбаьккхира.
Цхьана килса чохь террорхоша закъалтана нах лецна, аьлла доьалгIачух ах даьлча цхьаммо полице телефон тохар ду боху цара и кIур гIаттаран бахьана.
Лаьхьано кхерийнарг - муьшах идда, бохучу нохчийн кицанахь санна, дукха хан йоццуш хиллачу теракташа сакх латтадо Францехь адам а, Iедал а.
Notre-Dame de Paris килсана уллохь чохь газзан баллонаш йолуш машен тосаяларо Парижехь полисхой гIовттийначул тIаьхьа дукха хан ца яьлла. Ткъа хIинца юха а...
Мобилан телефонаш тIехь йолчу лерринчу программехула терроран кхерам бу аьлла шоьтан дийнахь баржийначу хаамо адам гIехьчул кхерийна хилла.
Амма Францехьчул а шуьйра баржийнера и хаам оьрсийн хаамийн гIирсаша; дуккхачу Францин хаамийн хьостанаша тергамза битина болу и хилам "Парижехь спецопераци йина", бохуш шуьйра баржийна Оьрсийчохь.
Амма цу "Парижерчу спецоперацехь" арабаьхна кхерамзаллин белхалой а, айдина I беракема а хиллехь а, дохийна бухадаьхна неха цIенош а дац, байъина нах а бац, нахана юккъе чуйиттина яккхий тоьпаш а яц.
Килса чукхаьчначу полисхошна цхьа а террорист а ца каравина, я закъалтана лийцина нах а ца гина.
Телефонехула даьккхина орца харц хилла, аьлла даре дина цул тIаьхьа юккъерчу гIуллакхийн урхалчас Бернар Казенева а, кхин кIорггера билгалдаккхар а доцуш, кхерамзаллин белхалоша гайтинчу самонна ша реза хилар а хоуьйтуш...
Интернетан машанашкахь Францера блогерш цу хьокъехь шайна хетарг дийца ца кхоьру, уьш Iедало леха а лоьхуш шаьш дийцинчунна дохко бохур бац бартхаттамаш беш.
"Le parisien" газета дешархоша иштта яздо шайн комментарешкахь:
"ТIаьхьарчу деношкахь хуьлушдерш тамашийна хIуманаш хета суна-м:
и кхиазхой схьалецар а, полисхоша дика болх бина а хуьлуш и харц орцанаш дахар а..."
Кхечу блогеро боху:
"ГIовгIа, нахана кхерам латтон ийдо харц-орца... СадеIа хIунда ца доьхку-те вайна?"