"Hass-Kinder-ш" ду Германехь кхуьуш

Социалан машанашкахь а, хаамийн гIирсашкахь а цкъа а ца кхачалун тема джихIадхой а, цаьргара болу кхерам а хиларна, тIекхуьучу кегийчу бераша сема тIеоьцу исламистийн идеологи, шаьш а джихIадхой а хила лаьа царна, аьлла хета Германерчу полисхошна.

Your browser doesn’t support HTML5

"Hass-Kinder-ш" ду Германехь кхуьуш

Интернетехь я телевизионехь ДаIишан я Аль-Къаидин леламех лаьцна видеоклип гина, тIаккха цул тIаьхьа, шовкъ хьала а йолий, Фейсбукехь я Твиттерехь джихад хесторан постингаш язъар.

Я радикалхойн символика тIехь йолу сарташ циггахь зорбане дахар, я ватсапашкахула джихадхойн видеоклипаш а, пропагандийн сарташ а бовза-безачаьрга дIасакхехьийтар.

Иштта ду юкъарчу хьесапехь Германехь я Австрехь террорхойн цхьаьнакхетараллин белшашгIорторна я террорхойн цхьаьнакхетараллина декъа хиларна лийцина чубоьхкинчу кхиазхойн бехкаш.

Уьш, и 15-17 шераш долу божбераш а, зудбераш а, шайн хIинцале а цхьаццаболчу аналисташа „Джихад-Дженерейшн“ аьлла цIе тиллина долу, доккхачу декъехь ишколехь дешар я болх Iамор а дIа а тоссий, шайн дахаран йоккхаъ йолу хан интеренет машанахь я паркашкахь шайн хьежамаш боькъучарца йоккхуш хуьлу.

Ишколашкахь сарташ дахкаран урокашкахь цу берех уггаре а кегийчара герзах боьттинчу террористийн сарташ дохкуш, воккха хилча хIун болх бан лаьа хьуна бохучу хаттарна цара шай-шай джихадхо хила лууш ву я ю олу.

Кест-кеста нисло и бераш, интернетан тIеIаткъамал сов, шайн доьзалшкахь салфистийн хьежамаш болчу дас-нанас кхин дин лелочу нахаца а, шаьш беха европахойн юкъараллашка цабезамца, цу юкъараллин ламастех цабашарца кхиош хуьлуш.

Салафистийн хьежамаш болчу доьзалшкахь бераш алсам хуьлуш хиларна, цу кепара адамалле цабезам шайн синошца кхобуш долчу берийн терахь сихонца алсам долуш а ду, Iедалхоша дийцарехь.

Немцойн маттахь цу берех оулш юккъе даьккхина керла дош ду "Hass-Kinder", аьлча а, „цабезаман бераш“ аьлла.

Кху деношкахь немцойн ХIессен бундеслаьттан полисхойн леринчу сервисан куьйгалхочо Трусхайм Фольфганга журналисташка динчу дIахьедарца, и тайпа хьежамаш болчу кхиазхоша политикан бахьанашца дечу зуламийн терахь тIаьхь-тIаьхьа алсамох долуш ду.

Ткъа царна дуьхьал баккха эффективе ницкъ цкъачунна меттигерчу Iедалхошна карийна бац, хIунда аьлча цу кхиазхойн хьежамаш а, Iалашонаш а мел кхераме елахь а, амма Iедалхойн диц дан йиш яц, уьш хIетте а кегийра бераш хилар.

ТрусхIайман хетарехь, карарчу хенахь берашна цабезаме идеологи Iамош болчу доьзалшца бан йиш йолчу эффективечу белхех цхьаъ бу – берийн а.

Доьзалийн а хьашташка хьовсуш йолчу хьукматаша, масала, Югендамташа, шайн доьзалхошна цабезаман идеологи а Iамош, царна джихад марздечу дай-наношкара схьа а дохуш, Iедалан Iуналле уьш дIадалар бу и некъ.

Ала дашна, и тайпа гIулчаш салафистийн хьежамаш шайн берашна Iамочу дай-наношна дуьхьал яхар нийса лору Германерчу берийн бакъонаш ларйара цхьаьнакхетаралло а.

Цуьнан куьйгалхочо Хилгерс Хайнца дина кху деношкахь, нагахь санна, дай-наноша шайн доьзалхой кхечу нахана дуьхьал ницкъ бар магочу кхетамехь кхиош делахь, тIаккха Iедал декхарийлахь ду и бераш цу дай-нанойн тIеIаткъамах кIелхьардохуш, царна генадаха“, аьлла дIахьедар.

Цу юкъана, радикалхойн идеологи яьржаш ю Германехь а, Австрехь а кхуьучу нохчийн кхиазхошна юккъехь а. Доккхачу декъахь интернет -машанахь Шемарчу ДаIишан леламаш бакъбеш йолу постингаш зорбане яхарна кхеле а ийзош, чубухкучу нохчийн 15 шарера 20 шаре кхаччалца болчу кегирхойн терахь лахлуш дац.

Кху деношкахь радикалхойн агIонча хиларна бехке а вина, 4 шо хан тоьхна набахте воьллина Венера 17 шо долу цхьа кхиазхо. Цуьнан жимах волу 13 шо кхаьчна ваша, ала дашна, иштта радикале хьежамаш ишколехь баржорна а, кхечу берех летарна а, берийн хьукмато доьзалера схьа а ваьккхина, Iедало Iуналла дечу кхиазхойн юкъараIойле дIавелла ву.

Ткъа цуьнан 10 шо долу йиша, изза бахьанца, Iедалхойн тидамехь латтош ю.