Алиев ГIапур. Нохчо

Your browser doesn’t support HTML5

Алиев ГIапур. Нохчо

Алиев ГIапур

Нохчо

Гузуев Хьуьсайнан безамна

Елхалахь, елхалахь, елхалахь, езар,
Ас хьайга дийцинарш дага а лаций.
Хьайн дагна Іийжамаш сох бисна алий,
Елхалахь, мохь тоххий, нахала ялий.

Сан каш тІехь елхалахь, елхалахь, езар,
Сан кІорнеш тІаьхьара елха а еш.
Эзарнаш ас йина ойланаш агий,
Елхалахь, мохь тоххий, нахала ялий.

Хиллачех, хирдолчех елхалахь, езар,
Сох диснарш дерриге дагар а дай.
Со ала цакхиънарг диканна алий,
Елхалахь, мохь тоххий, нахала ялий.

Елхалахь, мохь тоххий, елхалахь, езар,
Ас цкъа а цадинарш ас дина алий.
Ас динарш дерриге хьайн дуьхьа ларий,
Елхалахь мохь тоххий, нахала ялий.

28.II.1994 шо