Нохчийчохь Нурбагандовн сийдо

Дагестанан полицин лейтенантан, Оьрсийчоьнан турпалхочун Нурбагандов Мохьмадан цIе Соьлж-ГIаларчу Олимпан чекхволийлана тилла сацам тIеэцна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Полисхо Нурбагандов вина кху шеран аьхка гIаттамхоша.

Хилларг ма-дарра Iорадаьккхина кху баттахь Избербашехь гIаттамхойн тоба хIаллакйинчул тIаьхьа. Церан телефонашчохь карийна Нурбагандовна тIехь кхел еш видео.