Шемара тIом бахбаларна Оьрсийчоь бехке лору Джонсона

Дуьненаюкъара гIоьнна Шема кир эцна йоьдучу машенийн ковранна тIе авиатохар дарца, тIеман зуламаш дарна а, Шемара конфликт яхъяларна Оьрсийчоь бехке ю аьлла дIахьедо шоьтадийнахь Британин арахьарчу гIуллакхаийн министро Джонсон Бориса BBC-на еллачу интервьюхь.

Кху беттан 19-чу дийнахь 31 кир эцна йоьдучу машенашна динчу кеманан тохаршкахь вийна 20 маьрша стаг. Iамеркан векалшна хетарехь, оьрсийн кеманашна тIехь ду бомбанаш еттарна жоьпалла, амма Оьрсийчоьно бехке ца лору шаьш.