Шемара машар кхерама кIел буьсуш бу

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс дIахьедина, Малхбузера мехкаш лара ца бо Шемара тIом сацош шайн декхаршца, аьлла. НТВ телевизионнна ша еллачу интервьюхь оршоьтадийнахь цо критике даьккхира, хьаштдоцу гIулч ю, аьлла, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин Кхерамзаллин кхеташо кIирандийнахь гулъялар.

Лавровна хетарехь, Iамеркан Штаташна нийсо ца тоьа Шемица юкъарло лелочу Дуьненаюкъарчу тобан коьртехь латта.

Оршоьтадийнахь президентан Путинан пресс-секретара Песков Дмитрийс а дIахьедина, «Британин а, Штатийн а векалша ден къамелаш ца ладаллал шога ду», цара « зен до Шемахь хила тарлучу бертана», аьлла.

КIирандийнахь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацехь векал йолчу Пауэр Самантас хаамбира Кхерамзаллин Кхеташонехь, Оьрсийчоь Шемахь «варвар» санна хьийза, аьлла.

Британин векало Рикфорд Мэтьюс, «хала ду бакъ ца дан Оьрсийчоь Шемин куьйгаллица цхьана тIеман зуламаш деш хьийзаш хилар», аьлла.