Бети Ахьмадан дошам, ...иза хьанна оьшу?

Урдун - Заркъа, нохчийн гуламехь

30 шарахь Нохчийн-Оьрсийн-Iаьрбийн дошам хIоттош къахьегна Урдунерчу лингвисто-Iилманчас Бети Ахьмада.

Your browser doesn’t support HTML5

Керла Нохчийн-Оьрсийн-Iаьрбийн дошам

Дукха хан ю нохчийн мотт буьззина чулоцуш дошамнаш оьшу а, уьш йоцу а. И кхачамбацар меттахIоттош шен агIор боккха болх а бина цо.

Бети Ахьмад

Ахьмад Бети стохка Нохчийчу вахара леррина и шен дошам оьшу нах, иза зорбане йоккхунйолу мехкан куьйгалхой лаха. Иштта кхечира Нохчийчоьнан Iилманийн академе а. Амма цул тIаьша шо даьлла, дац акамино авторе аьлла дош а...

Бати Ахьмадан дошам

Ахьмад Бетица цунах а, цуьнан дошамнах а лаьцна къамел хилира Маршо Радион.

Ахьмад тешна ву цкъа мацца а ша бинчу белхан Нохчийчоьнан балакхочург хиларх.