Your browser doesn’t support HTML5
СагIадоьху нах даим хилла муьлххачу а махкахь, пачхьалкхехь.
Ур-атталла, Советан Iедалан заманахь пачхьалкхо белхан меттигашца кхачо латтошшехь, адамашлахь кхин къоьлла а йоццушехь луларчу мехкашкара сагIадеха схьаоьхучу бахархойх дуьзина хуьлура мехкаш.
Бакъду, тахана санна эвхьаза дацара тохара сагIадехар.
Урамашкахь нехан сагIане сатуьйсучаралахь хуьлура, доккхачу декъанна, я заьIапхой, я маларна тIебирзинарш, я кхетамах тилларш.
Церан лар тIепаза йовра, геннахь вогIучу милцочух бIаьрг ма кхийтти.
ХIунда аьлча, 1961-чу шарахь пачхьалкхехь лелаш хиллачу балхах уьдучу малончашна дуьхьал бехктакхаме гIуллакх доккхура.
Къилбаседа Кавказан мехкашкахь тIаьххьарчу шерашкахь къаьсттина баьржина сагIадоьхурш.
ХIинццалц Iедал бен-башхалла йоцуш, тийна-таьIIина Iийнехь а, кху деношкахь Кавказан масех регионерчу Iедалхоша йийцареяьхна социалан проблемаш, ю царлахь, цара ма-бохху, гIалин куц-кеп, токхо ирчайоккхург а.
Некъан урамашкахь, богIучу-боьлхучу нахана тIаьхьауьдуш лелаш, некъахойн низамаш талхош, шоферашкара къинхетамалла йоьхуш, карахь-марахь кегийн берашца дуьхьалбуьйлу сагIадоьхурш.
Кху деношкахь Кхарачойн-Чергазийчуьрчу Черкесскан вахархочо Iедалхошка кехат кхачийна, республикерчу сагIадоьхучаьрца къийсам латтон, царех гIала цIанъян некъаш хьехарца.
«Оцу яьржинчу эрчаллех Черкесск цIанъян некъаш довзуьйту ас. Шайн лаамехь мел верг ара а ваьлла, гIалин урамашкахь рейд дIаяхьа еза, сагIадоьхучарех информаци гулъеш.
Цуьнан сурт, бакъболу хаамаш оцу стагах лаьцна гулбеш, иза веха меттиг билгал а йоккхуш, цул тIаьхьа талламбар, хIун тIе ца тоьу цунна, муьлхачу хьашташа кхачийна иза ураме сагIадеха», - яздо цIарца вуьйцуш воцчу вахархочо Черкесскан мэрин сайтатIехь.
Цунна хетарехь, оцу боламо билгалвоккхур ву сагIадоьхучаралахь баккъал а гIоьналла оьшург, цо таро лур ю церан хьашташ хаа а, царна ницкъ болччу барамехь гIо-накъосталла дан а.
Йоккхачу тергонца тIеэцна Iедало шен махкана саготтаволчу жимчу стеган кхайкхам.
ХIинцале а рейдаш йолийна урамашкахь, цкъачунна дIахьедардеш чекхбовлу уьш, карладоккхуш царна тIехь долу административан жоьпалла.
Дукха хан йоццуш ГIалгIайчохь Несаран мэрин белхахоша шинарийн, еарийн деношкахь меттигерчу полисхойшца юкъахь къаждан долийна урамаш, сагIадоьхурш лоьхуш.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана меттигерчу телевизионан эфирехь дIакхайкхийна наркоманех а, сагIадоьхучарех а мохк цIанбан ша лерина хилар.
Уггар маьрша, токхе, ирсе нах беха меттиг ю Нохчийчоь йоллу Оьрсийчоьнан пачхьалкхехь бохуш, юьйцуш хиллехь а, Iаламат дукха нах беха цу чохь къоьлло гаттонехь латтош, бозуш боцчу тергамчийн зерашца.
Соьлж-ГIалин урамашкахь сагIадоьхучарех ву хIара жимстаг. ДегI-куц долуш, тIехьаьжнина могушаллех хьоьгуш а вац. Иштта кхайкхам бина цо социалан машанехь.
Жимстаг: "Ас ахча хьангара доьхий? Ахчанчохь луьйчуш болучаьргара. Сан чIогIа дехар дар-кх хIокху республикехь Iаш болучаьрга: Шайн Делан, Пайхамаран дуьхьа, и ахча кхоа ма дахьара аш!"
Бусулба дино деза лору сагIадалар, амма бехке дуьллу сагIадехар.
Соьлж-ГIаларчу маьждиган имамо меттигерчу телевизионехь ишта мах хадийна оцу даьржинчу лазаран.
Имам: "Вайн республикехь новкъахула дIаса ваха ца вуьту-кх хьо, хьуна тIе а уьдуш, сагIа доьхуш. Цунах болх, некъ бина лелаш нах бу. И ду-кх телханарг! Хьадисехь боху "Лакхара куьг, иза деза ду хьуна, лахарчул а. Лахара куьг муьлхара ду, хIума йоьхуш дIакховдориг, сагIина хIума лург -лакхара куьг. И лакхара куьг сийлахь ду боху."
Шира корматалла лору сагIадехар. Масала, чехийн Кутна Гора гIалахь 1443-чу шарахь кхоьллина хилла сагIадоьхучийн цхьанакхетаралла.
Цуьнан уставца а догIуш, оцу тобанехь латта хьакъ хилла къена хиларца балхара мукъабаьхна кIорабоккхурш. Иштта, оцу юкъараллан низамо магош ца хилла царна гIалин килсашна хьалха бен сагIадеха.
Уггар дукха сагIадоьхурш гуллуш хилла хьалдолчу Прагехь. Чехин Iедало цаьрца къийсам латтабо 16-чу бIешерашкара схьа дуьйнна.
Амма 1558-чу шарахь гIалин урхалло бакъо йитира сагIа деха шайн бахархошна.
Иштта тIеийцира сацам, кхечу гIалара веанчунна шайн гIаличохь сагIадехар доьхкуш.
Юьхьанца гучуваьллачунна таIзар деш, шед еттий, Прагичуьра аравоккхуш хилла, нагахь санна, иза юха а веана, шолгIа а каравогIий, аьтту куьйг доккхуш хилла.
ГIаттамхойн хIусамаш ягош, церан доьзалш махках бохуш таIзарш дира хьалхо Нохчийчохь.
Ткъа хIинца, террорхойх мохк цIанбина девлла шаьш, рогIехь наркоманаш а, сагIадоьхурш а бу аьлла, тIедирзина Нохчийчуьра Iедал.
Амма дуьйцуш дац, муьлхачу низамо бакъо ло и нах махках баха?