Гюлен ФетхуллахIан ваша лаьцна Туркойчохь

Туркойчохь тIамца карчамбан гIортарна бехкевеш, Хонкаро лаьцна оппозицерчу Iеламчин Гюлен ФетхуллахIан ваша Гюлен Кутбетдин, хаамбина кIирандийнахь Анадолу агенталло.

Гюлен ФетхуллахI веха Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь. Туркойчоьно дуккхаза а дехна иза шен каравалар. Ша Гюлена дIахьедира хьалхо, нагахь санна йозушйоцчу кхело бехке ву алахь, ша цIавоьрзур ву аьлла.