Брестерчу нохчашка: Цхьана куьйга ши хорбаз ца лацало

Брестера дела денна Полшин дозахе а оьхуш, белла а , бисина а Европе кхача арабевлла, шело, мацалла хьоьгучу нохчийн мигрантех дог лозучара шайна торручул ахчанаш хьежадо Австрехь юкъаралла лелочу Садулаев Мансура кхайкхийначу банкан хьостане.

Your browser doesn’t support HTML5

МухIажиршна хIун гIо дина ахь?

Бут сов хан ю ахча гулдан долийна. Шозза Фейсбукехула, Ютубехула, кхечу социалан машанашкахула гулделлачу ахчан барам а, и сагIа кхача дезачаьрга дIакхаьчна хилар а хаийтина Садулаевс.

Маршо Радиога а дийцира цо ханна болхбечу Берестерчу мухIажиршна леринчу фондах дерг.

Садулаев: «Европехь, дозанал арахьа 300 000 ву боху нохчо. Цуьнга хьажча, кIезиг ду кхаьчна гIо. Делахь а, динчу гIоьнах а воккхаве торуш хьал ду. Цецвоккхуш ду мискачу наха мискачарна накъосталла деш гар – Нохчийчуьрчу а, Шемарчу а нохчаша а дахкийтина ахчанаш. Нохчий боцучара а дахкийтина. Иза оха дIа а делла уггар доьхначу хьолехь тхайна карийначу Брестерчу нахе. Амма дика хир дара болам шуьйрра баьржича».

МухIажиралле бирзина, Европе кхаьча хьаьгна, я цIахь а, я цигахь а боцуш, Брестаний, Полшин дозанний юккъехь балахьоьгучу эзарнех доглозурш дуккха бу. Ткъа бац и тайпа нах Iедалхошлахь. Цундела могIархойн, юкъархойн, деккъа дIа шайггара царна дан накъосталла лоьхучу нехан карахь дисина гIо лехар а.

Иштачех ву Францино политикан тхов-кIело а елла, Страсбургехь веха жигархо Ахъядов Iиса а. Иза виллина а хьийза гIелонехь бохкучу мухIажиршна а, даймахкара шайн могашаллина сагатдеш, Европе кхочучу махкахошна а гIодеш.

Iиса кху муьрехь шега далуччул накъосталла деш хьийза Европе бахка арабевллачу нахана. Стенна ца болу аьтто церан Полшин дозанал чоьхьабовла, стенца ю церан юкъара ледарло, хIун дан деза Брестехь лаьттачу оцу наха? Оцу хеттаршна жоьпаш Ахъядов Iисас иштта делира Маршо Радиона.

Ахъядов: «Массех бахьана ду Европан ков мухIажиршна схьаделла: дин лело нах ца буьтуш хилар, къоманна социалан бохам тIебожар, адамаллин бакъонаш хьешар, политикаца гIелояр, цамгар къоманна тIетаттаялар. Кхидерг чекх ца долу, тхов-кIело иштта дIа, со меца ву аларх луш яц. Брестера адамаш цхьана могIане хIитта беза, ша-ша чекхвала а ца гIерташ. Политикан бахьанаш хьалхадаха деза массара а цхьаьна. Ткъа вайн адамаш цунах ца кхета. Оцу наха Кадыров дашо а ву, тхуна Европера тоьлла дахар а деза бахарх гIуллакх хир дац».

Цкъачунна дерриг а могIархоша дуьйццучохь лаьтта. Цкъа церан бац я цхьа а ницкъ а, я дуьззина, маьIна а долуш, дан хIума а Брестехь балахьоьгучарна.

Къомах жоп лучара дуьйцург а, царна хетарг а – иза а ду кху муьрехь даьржжина хезаш. Кадыров Рамзана и нах бац мухIажирш, царех къахета оьцуш а дац боху. Я дуьне а, я эхарт а доцуш буьсучу нохчийн некъ муха боьрзур бу, цаьрга цара хIун дан деза я олуш а, я церан дог а хьаьстина, уьш цIабоьхуш а дац Нохчийчуьра Iедал.

...Ткъа арахь-м дуьйладелла нохчочунна шен дахарехь цкъа дIадолуш а доцу догIа, гуьйренан ткъарш, цунна даима а лаьттина, лаьтташ йолу шийла шело.