Къилбаседа Кавказерчу тIематасадаларшкахь хIаллакхилларш

Карарчу беттан 3-чу дийнера 9-чу дийне кхачалц Къилбаседа Кавказехь хиллачу тIеман кофликташкахь 18 стаг вийна, 4-нна чевнаш йина. Иштта ду «Кавказан узел» агенталло шен талламашца а, кхечу хьостийн информацех пайда а оьцуш дина зераш. Байинчарлахь ницкъаллийн структурийн 3 белхахо ву, 2 ГIебарта-Балкхараойчуьра, 1 Нохчийчуьра.

ГIаттамхойх 15 вийна. 8 Нохчийчохь, 6 ГIалгIайчохь, 1 Дагестанехь.