Cтенна хилла Оьрсийчоьнан Лакхарчу Кхеле сихха гулъелла дийцаредеш кхелахочунна тIеIаткъамбар? «Карара хан» («Настоящее Время») хьостанан корреспондентаца къамелдинчу Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелан векало стенна аьлла, Соьлж-ГIалара хилам бевзаш а бу, шаьш бийцаре а бина?
Нохчийчуьра хьал, ша кху муьрехь цигарчу хьаькамаша емалвеш велахь а, меттигерчу шен уьйрийн гiоьнца тергонехь латтадо «1азапна духьалояран комитето». Цуьнан куьйгалхочо Каляпин Игора хаамбира Маршо Радиога шена хуучух лаьцна.
Каляпин Игорь шек ву Нохчийчохь лела харцонаш президентна Путинна ца евза, цо магийна лелош яц бохучух.
Каляпин Игорь: Кадыровс ша дийриг Путина бохучунна нийсса дуьхьал до
Your browser doesn’t support HTML5
- Кхечу кепехь, халахеташ делахь а, Нохчийчохь хуьлуш а дац. Иза тIах-аьлла хьовза везаш хиллера, шена еттар тоьшалле а докххуш. Иза далуш дара, Нохчийчохь ца далахь, арахьа. Кхеташ ду, хIинца цунна кхин некъ бац. Цо хилларг ца хилла бохур ду.
И санна истореш дуккха а ю. Ерриг а Нохчийчоьнна хаьа хиллий, иза кхин башха лечкъош а ца дина. Даудов шен бIонца цIачу а вахана, оцу цIенна гобина а хилла. Иза-х даций эрна арахь хилла, дийна делккъехь, Лакхарчу кхелан цIачохь. Ерриг а республикана хаьа и иштта дуйла. Делахь а официалехь и ерриг а истори цахилларг йина ерзор ю. Цунна (Мурдаловна -М.Р) тIедожийна, кхелан белхахойх ах бу хезна цуьнга хIун ден боху, муха боху.
Хетарехь, шена Оьрсийчоьнан Лакхара кхел орцахъер ю бохуш Iийна иза. Регионашкахь кхелахой, лакхарчу кхелан куьйгалхо-м муххале а, хIиттор цуьнгахь ма дуй. Хетта хир ду-кх, Лакхарчу кхело могуьйтур дац иштта шен белхахошна тIеIаткъамбар. Кхеташ ду, хIинца кхин хIумма хиларе сатийса ца дуьсу, цо шен лаамехь дарж дитар доцург.
Суна хаа лаьара, гой те Кремлна, динамика шена ган лиинчунна нийсса бIостанехьа юйла. ХIунда аьлча, Кадыровс Лакхарчу кхелан куьйгалхо даржах вохорах цхьа а цец ца волу, иза керла дац. Ша дийриг цо мел цалечкъош до – иштта хIутту хаттар. Оцу демонстрацино гойту, конституцин принципца Iедал дакъойх лаьтташ хилар Кадыровс лере а ца ухьийла. Гойту Путина шена бинчу хьехамашка иза ладугIуш воцийла. И демонстрацеш кхеташ а ю, вайна ца гойла а дац, соьга хаьттича.
Ситуаци Кадыровца доьзна нахана хьалха Путина ма-гайттара а яц. Хаац, вайна ца девза къамелаш шайлахь хуьлу а хир ду церан, нахалахь дуьйцучунна нийсса бIостанехьа. Амма Путина Кадыровга нахана а хезаш эриг, мел кIеда, ларлуш иза алахь а, болхбеш дац. Кадыровс ша дийриг нийсса бIостанехьа до, массарна а иза гуш а ду.
Нохчийчоьнан Лакхарчу кхелан гIентахь ханна Iачу Мурдалов ТIахIирна лаахь а, ца лаахь а даьржина хаамийн гIирсашкахула мехкан спикеро цунна йиттина бохург. Ткъа Мурдаловс иза харцдеш къамелдина тIаьхьа даьхкинчу деношкахь - цо бакъ ца до шена йиттина бохург.
Хаамийн гIирсаша нахала баьккхина хилам. Иштачу хьолехь Оьрсийчоьнан Талламан комитет декхаре ю хаам талла а, бакъдерг жамIе а дерзийна, юкъараллана довзийта а.
Оцу хьокъехь Маршо Радиона ша еллачу интервьюхь «Демократин бакъонан Оьрсийчоь» («Демократическая правовая Россия») партин куьйгалхочо, юридикан Iилманийн доктора, профессора Трунов Игора элира, бакъо яц суьдхочунна тIе куьг дахьа а, я цунна дина зулам къайладахьа а.
Трунов Игорь: Таллам бан беза лаахь а, ца лаахь а
Your browser doesn’t support HTML5
- Кест-кеста нисло, и санна долу девнаш, ши адам вовшахлетча, дов даьлча, машарца къаьсташ, уьш могIара нах белахь. Амма вуно башха ду иза Iедалан векалх, федералан кхелахочух хьакхалуш делахь.
Иза «А» категорин даржхо ву, Оьрсийчоьнан президентан категорера стаг ву иза. Цундела низамо леррина терго а еш, ларбо Iедалан белхахой, къаьсттина кхелахой, царна балхаца новкъарло ярна, тIеIаткъам барна, тохарна.
Масех бехктакхаман артикл а ю уьш ларбеш. Масала, 295 артикл, «Кхелахочун дахарна тIе куьг дахьар». Цо 12 шарера 20 шаре кхаччалц хан къастайо набахтехь такха, я велла дIаваллалц чохь кхаба, я вен кхачаво зуламхо.
294 артикл а ю, цо доьхку муьлххачу а кепехь кхелан балханна новкъарлояр. Цо къастадо луьра таIзар. Цундела оцy артиклша ца магадо машарца довдерзор. Кхечу дешнашца аьлча, Iаткъамхиллачо бохург маьIне а дац, цуьнан лаамехь дац дов дIадерзор я цадерзор. Деккъа дIа бахамна дина зен дерзош бен яц Iедалхочун машар бийца бакъо.
Дуьйцург Iедална дуьхьал дина зулам ду, дац ша схьаэцначу Петровна, Сидоровна, Мурдаловна дуьхьал дина аьлла дуьйцу зулам. Иза Iедал ду. Кхелахочунна етта мегаш дац. Кхелан белха юкъагIерта мегаш дац. Иза пачхьалкхна дуьхьал деш зулам ду. Иштта боху низамо.
Цундела и санна долу бехктакхаман дов сацо бакъо яц, таллам а бан беза лаахь а, ца лаахь а.
Бехктакхаман-процессан кодексерчу 144 артикло боху, зорбано зуламах лаьцна баржийна хаам талламхойн декъан куьйгалхочо тидаме эца а беза, таллийта а беза.
Цундела, хаамийн гIирсашна иза хиина а хиларна, цара даржийна а хиларна, таллам бина хила а беза, хиллачун хьокъехь жоп дала а деза, дина я ца дина дуьйцу зулам. Кхелахочунна зен дина я ца дина, кхелан балханна новкъарло йина я ца йина, иза талла а догIу, цуьнан лорах бехктакхаман дов айдан а деза.