Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийчохь герзашца доьзна нислуш лаьтта вер-ваккхарш а, лецарш а, лаьттах бахча санна нах къайлабахар доцуш, къаьсттина дукха эшамаш бохьу вайнахана Шема пачхьалкхехь кхехкачу тIамо.
Жимма хьалхо и тIом бахьнехь ша официалан динчу дIахьедарехь мехкан прокуроро Абдул-Кадыров Шарпуддис дуьххьара гIардаьккхира Юххерчу Малхбалин тIамехь дакъалоцуш Нохчийчуьра 600 сов стаг ву аьлла.
Царех дукхахболчийн кхолламаш, адамийн бакъонашларъярхоша а кхайкхош лаьтташ ма хиллара, вуно къаьхьа бу - цхьаберш Iожалло дIахьо, кхиберш, тIамтIехь чевнаш йина я шаьш дохкобевлла, цIа кховча ирс хилларш, леца а лоьцуш, набахтешка хьежабо.
БIаьрга сара кхетча санна, йоккхачу самонца, каде хьийзачу ницкъаллин структураша синтемех бохабо церан цIераниш а.
Юххерчу Малхбалера тIом бахьнехь, официалан боцчу хаамца, цигахь белларш а, тIепаза байнарш а боцуш, 30 гергга нохчийн кегийрхой хенаш а етташ набахтешка хьежийна.
РогIехь лаьттарш кIезиг хуьлчух тера а дац, схьагучу суьртехь.
Соьлж-ГIалин кIоштерчу вахархочунна Ахметов Аюбана дуьхьал бех токхаман гIуллакх долийна талламхоша хIинцца кху беттан 11-чу дийнахь.
Цара чIагIдарца цунна бехке дуьллург ду итт-цхьайтта баттахь ДаIиш агIор иза Шемарчу тIам тIехь хилар. Жима стаг билггал цигахь вуй хууш дуьхе кхиъна махкара Талламан комитетан говзанчаш.
Нагахь и бакъ хилар тоьшаллаш а карийна, куьг бехке лоруш верг кхела хьалха хIотталахь, цунна лаххаре а 15 шо хан тоха герга ду, юристашна моттарехь.
Кху деношкахь ишта Шемахь 2016-чу шеран юьххьехь дуьйна тIом бечу шина вахархочунна тIаьхьа кхиъна Гуьмсан кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн урхалла. Талламан комитетан хьостано Iорадаккхарца царна дуьхьала а бехк токхаман гIуллакх долийна.
Цуьнан говзанчаша дийцарехь цу хийрачу тIаме дIавоьдуш цу шинах цхьаннан 18 шо кхачанза хилла.
Мехкан прокуратуро, бехк кховдо магош, сацам тIеэцна соьлжагIалахочун Генердукаев Зеламхин хьокъехь а.
Талламхоша чIагIдарца,цо интернет машанехь, Вконтакте олучу социалан зIенехь Шемарчу тIеман декъашхошка кхайкхамаш бина, уьш талораш дан ир-кара хIиттош.
Цуьнан дов дIакхачийна Къилбаседа-Кавказан тIеман окружной олучу кхеле. Цуьнга кховдийна бехк бух болуш хилахь Генердукаевна Зеламхина 2 шарера 5 шаре кхаччалц чохь яккха хан тоха а сахьт дац.
Нагахь таро а хилла цуо 500 эзар барамехь токхам бахь, набахте ца кхача а тарло боху жима къонах юристаша.
Вайнехан кегийрхой а, кхиазхой а стенна леста цу Iожаллина кхерамечу, Iарбоша шайлахь бечу тIаме?
Ахкаме ваьлча цунна жоьпаш тайп-тайпана кардо. Цхьаболчара дан амал дацарна, ахча дуьхьа боху, кхечара махкара харц тIеIаткъамаш, бехк боцу таIзарш хьех кхетарна махках буьйлу боху кегий нах.
Уггар дукха, шуьйра лучу жоьпех ду адамийн гIаддайна хилар, мискалла дIакхехьа, декъаза лол бетта нахана кIордадар.
Ишта хьажам болчех цхьаъ ву Гуьмсан кIоштера дечиган пхьар Висар-Паша.
Висар-Паша: «Интернет чохь доцуш хIума дац. Цу чухула а хаздо тIаме цига эхар. Ахь ахча ло алахь…Адаман дан хIума дац, гIаддайна нехан.Мичча вахна а сом доккхучу кхача кхача лаьа-кх кегийрхошна а. ГIуллакх хьала а даьлла, то а делла, тIаме воьдуш стаг хир вац. Сан бIаьрга-м ца вайна хIинццалц схьа. Аьтто берг цкъа а гIур вац тIам тIе «лахь лийр со, висахь вуьсур-кх», аьлла».
Лакхахь хьахаделла ма-хиллара нохчийн кIентех белларш мел бу а ца хаьа цу генарчу тIамехь. Иттех де а дац Шемарчу Масул гIалахь, вайнехан кхаа кIантана Iожалла карийна.
Ишта кошан барз мичахь бу а ца хууш эгнарш дукха бу.
Лаккхарчу тIегIан Iедалан хьостано къаро а еш, тахана 463 бехк токхаман гIуллакх ду Шемарчу тIаме хIиттинчу нохчийн кIенташна дуьхьал схьадиллина. Официалан чIагIдарца царех 80 гIуллакх деккъа кху карахьдолчу 2016 шарахь долийна ду.
Кхузара, кхето хала дац, царех дукхахберш юхабоьрзур цахилар.