Докъаза кIентий байначу наноша сатуьйсу кошан борзе

Your browser doesn’t support HTML5

Докъаза кIентий байначу наноша сатуьйсу кошан борзе

Муьлха а тIом бирзина лоруш бац, тIаьххьара вийнарг а, вайнарг а дIавоьллина вацахь.

Нохчийчохь чIогIа ира лаьтташ ду и хIума. Официала лараршца 5 эзар сов стаг ву вайна. Царах доккха дакъа-тIеман хьелашкахь. Официалан доцчу хьосташа чIагIдо, байначеран терахь шозза-кхузза алсам ду бохуш.

Байнарш лахаран болх цкъа а сацийна а бац Нохчийчохь. ХIинца, иза рогIерчу тIегIане баьлла. ДНК-ца лохуш бу. ТIаьхьарчу хенахь 500 сов стеган дакъа карийна.

Соьлж-ГIалахь хIинца, кхиъ 70 стаган дIаделла и документ. Иза бохург ду, кхана-лама нах ишштта дIабоьхкинчу меттера декъий хаьала а даьхна, ДНК-ца анализ йича, къаьстар ду хьенан ду иза.

Нохчийчохь и болх беш ю инарлан Лебедь Александран Машарбаран мисси а, меттигера «Лар йоцуш байнарш лоху» цхьанатохаралла. ТIаьхьарчунан куьйгалхочо Тагирова Тамарас, Маршо радиога дийцира махкахь и хьал муха ду.

Тагирова: «Бала боккха бу Нохчийчохь цуьнца боьзна. Эзарнашкахь нах бу иштта байна. ТIамехь, стаг вен а воь, лар йоцуш а вов. Хала дацара цара цхьаъ дина а долуш, уьш байнехьара. Оха доьхург ду, дийна балахь, дийна безара, дийна бацахь-церан даьIахкаш а езара тхуна».

Тагирова Тамара ша а ю кIант вайна. Цундела, цунна дика хаьа, шайн нах лоьхучеран хьал а, церан деганIийжам а. Шай цхьанатохаралло цаьрга ДНК-поспорташ дIаделча, царна баккъала а цхьа боккха кхаъ баьккхича санна хазахетара, элира цо.

Тагирова: «Нах дIабоьхкина меттигаш яьстича, церан гергарниш сапаргIат бевра бара. Цара чIир ца лоьху, цара бекхам ца боьху. Байнарш котамаш, бежанаш ма даций. Селхана царна и паспорташ дIаделча, мел чIогIа леррина схьа а оьций, шайн дегнаш тIе а теIош, дIабахара наной, зударий, йижарий, дай».

ХIора вайначун цIа а боьлхуш, цаьрга ДНК-паспорт даккха, кехаташ хIотто деза бохуш, уьш кхета а беш болх бо Кагирова Тамарас куьйгалла дечу цхьаьнакхетаран декъашхоша. Дуккха а нах ца тешаш а, я кхоьруш а реза а ца хилла йоьхьанца. Цхьа жимма хан яьлчий бен, уьш а тIеэха ца буьйлабелла царна.

Нохчийчохь байина нах дIабоьхкхина дуккха а меттигаш ю. Уьш дукхачу хьолехь, кешнашкахь а бац дIабоьхкина. Оьрнаш а догIуш, цу чохь сихонца тIелатта а хьокхий дIакъайлабаьхна а бу.

Цундела, Iедалша и меттигаш билгала а йогIуш, уьш ахка а, цу чуьра декъий хьала а догIуш, царна экспертиза ян бакъо елча, наха хьоьгу и бала дIабера бара, аьлла кхин дIа а дуьйцу «Лар йоцуш байнарш лоху» цхьанакхетаран куьйгалхочо Тагирова Тамарас.

Тагирова: «Схьа а аьхкина хIума дича, вайгахь йолу спискаш ах кIезгалура яра. ТIаккха нах паргIат бевра бара. Нах дIабоьхкина меттигаш йолуш ю. Червленный олучу меттехь а ю цхьаъ. Цигара баккхий наха, тхоьга аьллера, шаьш дIабевлча, шуна хуура дац, кхузахь нах иштта дIабоьхкина буйла. Цундела, катоьхна бан беза и болх».

Байна нах лахаран болх, Iедало шен куьйга кIела а лаьцна хIума ца дахь, хIора вайнарг а, вийнарг а мичахь ву ца къастахь, кхана-лама, церан бераш даккхий хилча, цара и хаттар юха а айдира ду. Уьш иштта а беха кегий боллушехь, оцу харцонан балано дегнаш Iовжийна. И гIуллакх, кхидолу ша дерг дIа а тесна, шайн тидаме эца деза Iедалша, аьлла билгалдаьккхира Тагирова Тамарас.

Тагирова: «Байначеран доьзалш бу хьалакхуьуш. Сан кIентан кIант ишколехь волуш, хьан да вайна аьлла хаьттича, цунна уллехь Iачу кIанта аьллера, «ГIазкхаша дIа а вигина, вайна цуьнан иза». Гой хьуна, церан дегнашкахь и бала бу.

Бераш тхаьш долчу даладо оха. Церан дайн суьрташ а ду кхузахь дIадиттина. Церан бIаьргашка хаьжча а гуш бу цаьргахь болу бала. Цундела дийцаре дан дезаш дара и гIуллакх».

Нохчийчохь байначу наха, дукхаза кехаташ яздина Оьрсийчоьнан Iедалшка. ТIедогIучу деношкахь, Лебедь Александран Машарбаран миссино и наной гулбеш бу Пятигорск-ГIалахь, и хьал дийцаре дан.