Полисхочунна дуьхаьл бехк баьккхина Iедало

Шех тешийна герз терго йоцуш дитарна прокуратурано бехкеозийна Нохчийчуьрчу полицин белхахо Хьалха-Мартан кIоштарчу ГIойтера Джабраилов Роман. Баккхийчийн тидамера ваьллачу цуьнан 7 шо долчу кIанта ларамза герз тоьхна вийна шен жимахволу ваша.

Iуналла доцуш, герз тесна дитарна низамао шина кIентан дена набахтехь баккха 6 бутт, 100 эзар сом гIуда а кхачадо.