Адамийн бакъонаш ларъечу «Мемориал» центро политикан тутмакх лору, наркотикаш лелорна бехке а вина, набахте хьажийна нохчийн журналист Гериев Жалавди.
Дозушдоцчу «Кавказан Узел» газетехь болх беш хиларна таIзардина цунна Iедало, боху центро шен сайтатIехь. Иштта, яржош петици а ю центро, Гериевна тIехь бакъ кхел яре кхойкхуш.
БIаьста лецира Гериев Нохчийчохь, Куьрчалара Соьлж-ГIала воьдуш, цуьнгарчу тIоьрмиг чохь кIомал карийна аьлла. Цо кхелехь харцдира шега наркотик хилла хилар.
Дуьненаюкъарчу бакъоларъяран Human Rights Watch юкъаралло Гериевна цо журналистикехь бечу балханна Iедало бина бекхам лору иза набахте кхачор.