Your browser doesn’t support HTML5
Евробертан кхерамазаллах а, арахьарчу гIуллакхех а лакхара комиссар йолчу Могерини Федерикас оршот дийнахь динчу дIахьедарца, цкъачунна цхьанна а Европерчу пачхьалкхено официале дийцаршка диллина дац, Оьрсийчоьнна дуьхьал керла гIуданийн гIулчаш яхар, кху тIаьхьарчу деношкахь хаамийн гIирсашкахь цу хьокъехь дIахьош хаддаза спекуляцеш хиллехь а.
„Цхьанна а тхан цхьаьнакхетаршкахь и хаттар цхьаммо а цкъачунна айдина дац. Бакъду, Шемарчу режиманан дуьхьал яьхна санкцеш ю тхан“ , - элира Могеринис Люксембургехь Евробертан пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министрийн саммите ша яханчохь. Цо билгалдаьккхира, шена хетарехь, Малхбузенан пачхьалкхийн долахь мел йолу политикан таронех пайда эца беза, Оьрсийчоьнна тIеIаткъам барехь, цхьана санкцех тешна а ца Iаш, аьлла.
„Цхьа могIа идеяш ю сан, Шемин хиндерг тодаран хьокъехь. Иза оха Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъараллин Шемерчу леринчу векалца цхьаьна дийцаре дийр ду, иза а ву кху саммите кхайкхина“, - элира цо.
ХIинцалца схьа Оьрсийчоьнан Шемарчу а, Украинерчу а политикана шога критика еш хиллачу Могеринис хIинца цIеххьана санкцеш йоцурш а политикан некъаш лаха деза Оьрсийчоьнца цхьаьнаболхбарехь алар цецвоккхуш ду, хIунда аьлча, масех де хьалха Германин канцлеро Меркел Ангелас а хаийтинера шен официалан векал волчу Зайберт Штефанехула, ша Евробертан пачхьалкхийн куьйгалхой Оьрсийчоьнна духьал керла санкцеш яхийтарна тIетабан гIорта дагахь хилар.
ХIетте а, тамаше дац Малхбузено ша Кремлан дуьхьал гIораза хилар гайтар аьлла хета политологна Асхабов Хьамзатна. Цунна хетарехь, тIаьхьарчу масех шарахь Оьрсийчоьнний, Малхбузенний юккъехь мел нисбеллачу Iотта-баккхамашкахь сане ялар бен, эшна ца юьссу Москох. Цуьнан бахьана и Малхбузе боккъал а шогачу гIулчашна гуьнахь ца хилар а ду.
Асхабов Хьамзат: „Оьрсий шаьш бан безахь тоIм бан а реза дуйла гойтуш бу. Шаьш бохучуьнга ла а дугIуш, шайца ларам а болуш ца хилахь, шаьш кхин цхьанге а ладугIур дац боху цара. IАмеркано а, Европано а лелош ерш шалхонаш а, шалхонийн стандарташ а ю, цара шаьш луучехь тIемаш а боху, шайна лууш йолу пачхьалкхенаш йоха а йо, ткъа шаьш хIууъу дича а, шаьш дуьненан хаамийн гIирсашкахь емал а деш, шайца харцо юьйцу боху. Царна карарчу хенахь цхьанна а агIор бан тIеIаткъам боцуш хьал ду хIоьттинарг“.
Нагахь санна Малхбузерчу политикийн санкций хьокъехь барт хила ца тикахь, Европерчу журналисташна евза цхьа могIа гIулчаш, Оьрсийчоьне шен Шемара къизалла сацаяйта ницкъ болу. Иштта, немцойн уггаре а йоккхах тираж йолчу Билд газетано шен тIаьхьарчу лоьмарехь пхи гIулч ягарйина, Кремл сацорхьама яккха йиш йолу.
„Путин сацорхьама дан йиш йолу 5 гIуда“ аьлла цIе йолчу артиклехь газетано яздо, Оьрсийчоьнан куьйгалла сацон йиш яц бохург бакъ дац, Малхбузенан иза сацон я лаам а, я майралла а ца тоьу, бохуш. Царех хьалхара гIулч ю, Оьрсийчоьнна кхин хай-тек технологеш йохкар доьхкуш йолу эмбарго юккъеяккхар. „Малхбузера лакхара технологеш ца хилча, Оьрсийчоьне я мехкадаьтта а даккхалур дац, я тIеман гIирсаш а кхоллалур бац“, бохуш яздо газетано. ХIинцале а и санна йолу эмбарго оьшуш хилар тIечIгадина шен агIор карарчу хенахь Iедалехь йолчу Меркелан партин векало Брок Элмара а. „И эмбарго вуно оьшуш ю. Агрессорна хаа деза, ша беш болчу тIеман тIаьхьалонаш хир юйла“, элира цо цу хьокъехь Билд газетаца шен хиллачу къамелехь.
ШозлагIа гIулч, немцойн журналисташна хетарехь, „Къилбаседа хьадар“ цIе йолу газан биргIа ца еш Германи сацар хила еза. Путино шен тIемаш газах схьаоьцучу ахчанца беш бу. И ахчан хьоста дIалакъон деза, царна хетарехь.
КхозлагIа гIулч хила йиш ю, санкцийн могIаршлахь билгалбаьхначу нехан цIераш лакхарчу даржашкарчу хьукматхошца шорйар. Масала, Роснефть концернан куьйгалхо Сечин Игор а, Газпром концернан куьйгалхо Миллер Алексей а хьакъ ву санкцийн могIаршла ваккха журналисташна хетарехь.
ЙоьалгIа гIулч хила йиш ю, 2018-чу шарахь Оьрсийчохь дIаяхьа леринчу дуьненан футболан чемпионатана Малхбузено бойкот яр. „И тайпа бойкот Путинан эгона вуно лазаме хир яра“- аьлла билгалдаьккхина Билд газетано. Ткъа тIаьххьарлераниг гIулч хила йогIура Шемина тIехула кеманашна лелар доьхку зона Малхбузено кхайкхор. Нагахь санна и тайпа бехкам дуьненан юкъаралло тIеэцнехь, цунах вуно боккха аьтто хир бара Шемара хьал политикан некъашца тодарехь, аьлла тешна бу немцойн журналисташ.