Курдойн тIемалоша дIахьедина, шаьш Мосулна гонахарчу «Исламан пачхьалкх» олучу тобан дакъошна тIелетта, аьлла. Пешмерган векалша хаамбарехь, яккхий тоьпашца кхаа агIор болийна тIемаш. Рейтерсо дийцарехь, тIеман беракеманаш а ду операцехь дакъалоцуш.
ТIемаш болабале деа дийнахь ракеташ йиттина ДАIИШ-ан дакъошна тIе. Иштта Иракъан эскарш а ду Мосулна гергарчу Барталла гIалина тIегIерташ, шайн коьртехь инарла ал-СаIади МаIан а волуш. Цо бинчу хаамца, Iамеркан кеманаша гIо до Иракъан Iедалан ницкъашна.
Иракъан премьер-министро ал-Iабади Хьайдара Малхбалерчу тIеман хьокъехь Парижехь йоьдучу конференцица зIене а ваьлла, хаийтина шайн эскарш шуьйрра тIемаш бан кийча ду, аьлла.