Германин полицино дIахецна шаьш лецна нохчийн кегийрхой

Германин полицин белхахой. 2016 шо.

Германин полицино дIахецна шаьш Шинарин дийнахь 5 кIоштахь леррина операци дIахьош лецна нохчий. Верриг а лаьцнарг вара 14 стаг (21-31 шераш дара цера). Бахьана дара террористашца уьйр йолуш хилла аьлла шеко хилар.

И нах бехачу хIусамашкахь таллам бича ца карийна цхьа а низамаш дохош долу тоьшаллаш. Цу бахьаница уьш дIахецна.