Your browser doesn’t support HTML5
"Оьрсийчоьнан финансийн министралло тхан мехкан бюджет лахйийр ю аьлла хIоттийначу проектана тхо реза хуьлийла дац. Тхо хIинццалц оцу министралло тхайга схьакховдийначунна реза хилла.
Хьалха, тIеман тIаьхьало йоллушехь, бюджет лахъярна а тхо тIетайра. Хала хан йоллушехь, бюджетан секвест йича а тхо реза хиллера", -аьлла, социалан машанехь шен агIонна тIехь дIахьедар дина Нохийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Оршотдийнахь и гIуллакхх дийцаре дира республикан экономикан кхиоран министраллехь хиллачу кхеташонехь.
Иштта Iалашонаш хIиттийра, са йолу а, пайдехьа хинйолу бизнес-проекташна некъ беллар а, инвестицеш махка чуялор а.
Кадыров Рамзанна хетарехь, бюджет иштта лахъеш гIуллакх дIадодахь, республикан аьтто бер бац тIеэцна социалан программаш чекхъяха.
Иштта хьал хIуттург хиларх шеко яцара дукхачу нехан.
Цхьажимма а экономиках кхетачара-м даима далхош дара, нахе ахча даккхийта, белхан меттигаш нисъе, нехан дахаран токхо лакхаяьккхичий бен, экономика чIогIа лара йиш яц, бохуш.
Хьалхарчара а, тIаьхьарчара а бохучунна тIетов Нохчийчуьра вахархо, ша а бизнесхо волу, Загаев Леча.
Загаев: «Шортта ахча а долуш, кхечу пачхьалкхаша кредиташ а луш, дикка аьтто болчу хенахь, махбаран-самукъадаккхаран центраш а ца еш, нахана болх бан аьттонаш бинехьарий, дика хир дара.
Болх бечу стага, цо лучу йоло хIоттош ма ю экономика. Доккха къамел дарх ма ца долу. Стаг схьа а валийна дIахIотторах гIуллакх ма ца хуьлу. Хаа ма деза, шо а, ши шо даьлча хIун оьшур ду».
Цхьана Нохчийчоьнна тохар хилла Iаш дац пачхьалкхехь хIоьттина экономикан хьал. Кху шина шарахь, хIинца кризисна бухе кхаьчна вай, бохуш санкцеш кхайкхоро гIуллакх дина вайна, бохуш дийцахь а, ма-дарра гIуллакх иштта дац.
Оьрсийчоьно, тIе а дожош, мехкашкахь заводаш а, фабрикаш а йоьллуш, хIума динехьара, иштта чолхе хир дацара гIуллакх.
Цул совнах, тIом ца хиллачу регионашца цхьана нисъян ца еза шиъ тIом лайна Нохчийчоь, аьлла кхин дIа а дийцира бизнесхочо Загаев Лечас.
Загаев: «Цхьа а тIом а ца хилла шортта регионаш ю. Цаьрца тIом а лайна, хаза неха санна дебачу Нохчийчоьнца юьста ца оьшу. Кхузахь шортта кегий нах ма бу, бан болх а боцуш. Тахана царна бюджет лахйийра ю бохург суна нийса ца хета».
Нохчийчоьнан политологана Мачигов Альбертана ца хета Оьрсийчоьнна дуьхьала Европано а, Iамерко а кхайкхийна санкцеш бахьнехь, экономикан хьал телхина аьлла.
Мехкадаьттан мах охьабалар бехке ду цунна. Ткъа иза охьабер буйла хуъушехь, ГIажаричоьнна дуьхьала дуьнено кхайкхийна санкцеш дIаяхийтира Оьрсийчоьно.
Ша шена бина вон болх бу иза, элира цо.
Мачигов: «Соьга хаьттича коьрта бахьан-санкцеш яцц. Эксперташ шаьш а боху иза. Мелла а гIоле хилла юьртбахам лелочарна. Мехкдаьттан мах вахьбалар ду. ХIинца массанхьа даржхой а балхара дIабохуш хIума лелош ду».
Нохчийчохь даима дуьйцуш ду, мехкадаьттах йолу са Нохчийчохь юьтуш елхьара, цхьанхьара ахча а ца оьшура, бохуш.
Иза аьттехь нийса дац, миллион тонн Нохчийчохь йоккхуш йоцу дикка хан ю, ткъа иза йоккхуш хилча а, цунах долу ахчанах республика вайга меттахIотталур яцара, аьлла, кхиндIа а дуьйцу политолога Мачигов Альберта.
Мачигов: «Вайн цIахь цхьа миллион доккхуш хилча, цхьана стага цхьацца миллион кхочу. Цхьа тонн-7 барелль ю. Иза ахчане диллича-350 доллар хуьлу. Изза ша дерриг вовшахтоьхча, йохийна йолу гIала а, мохк а вайга меттахIотталура бацара».
2007-чу шарахь дуьйна 2015-гIа шо тIекхаччалц федералан бюджетера Нохчийчу кхаьчна 539 миллиард сом.
ХIора шарана декъча, иза хуьлу 60 миллиард. Оцу хена юккъехь шозза бен кхин лахдина дац ахчанца деш долу гIо: 2010-чуй, 2013-чуй шерашкахь.
Стохка Нохчийчоьнан бюджетан барам шорбинера 61 миллиард, 300 миллион соьмана тIекхаччалца.
Оцу юкъанна дукхачу мехкашкахь и барам лахбинера - 3 процент.
И терахьаш даладо РБК сайто, социалан политикан йозуш йоцучу институтан директора Зубаревич Натальяс, шайга динчу дIахьедарна тIе а тевжаш.
Оьрсийчоьнан финансийн министралло тIедогIучу шарна Нохчийчоьнан бюджетана хIоттийна проект иштта ша ма-ярра чIагIйийр ю олийла дац, мехкан куьйгалхочо Кремлера шен уьйраш меттахахьаяхь-м хIетте а.