Your browser doesn’t support HTML5
РогIера нохчийн доьзалера Iедало бераш дIадахарца йоьзна йолу IалагIож Норвегехь яьржина.
Кху деношкахь ватсапехула а, кхечу социалан машанашкахула а аудиохаамаш а, видеогайтамаш а баржийна цхьана шен сибат а ца довзийтинчу, ИбрахIим цIе йолчу стага, шегара виъ доьзалхо берашна Iунал дечу меттигерчу хьукмато дIадаьхна хиларх.
Ютюбехь хIинцале а 100 эзар сов стагана ган кхиинчу цу видео тIехь цу стага деталашкахь гойту ша веха петар, и петар вуно хаза а, сонта а, доцца аьлча тоьллачех хилар а, ша шен доьзалца ваьхначу петарахь уггаре а дикчех хьелаш хилла хилар а, царна оьшуш цхьа а хIума доцуш шаьшна даьхна хилар а дуьйцуш.
Цо иза дийцаран бахьана ду, шайгара Iедало бераш дIадаха цхьа а бахьана ца хилар хьовсархошна кхеторхьама.
Цуьнца цхьаьна цу стаго билгалдоккху, шен виъ доьзалхо хьукматхоша шайгара дIаваккхарна официале далийна бахьана дас-нанас берашна етташ хилар ду аьлла, бохуш.
Цо дийцарехь, цу берех кхаамо латкъам бина, шайна дас етта аьлла, и бахьана долуш чу лилхинчу Iедалхоша бераш дIадигина ца Iаш, петарахь лехамаш а бина, цо царна етташ хилла долу доьхканаш ду аьлла, масех хечийн доьхканашца конфискаци а йина. Иштта дуьйцу берийн дас хилларг.
Берийн ден аз: „Шуна ма-гарра, хIара цIено доккха ду, вилла ю хIара. ТIехIоьтттинарг хIун ду аьлча, селхана Iедал а деана, аьлла хIума а доцуш, шу берашна етташ дарий, аш берашна доьхка диттиний бохуш, дIадигина бераш. ХIара Норвеги ю, Дала йитахь“.
Цу доьзалера дIадаьхначу берех уггаре а доккхахниг 8 шо долуш бен дац. Иза ишколехь хьалхарчу классашкахь доьшуш йолу йоI ю. ШозлагIа волу кIант 7 шо долуш ву, дас дийцарехь, кхин цхьа кIант 5 шо долуш, жимах волу кIант 4 шо долуш ву.
Доккхах долу ши бер ишколера дIадигина Iедалхоша, важа жимах долу шиъ цIера дигина. Амма иза хилла ца Iа.
Дас шен хаамашкахь дийцарехь, иза ша а, цуьнан хIусамнана а Iедало берашна ницкъ барна шеконе а лаьцна, набахте доьллина хилла, цигахь де а даккхийтина, арахецна ду.
Цу стага чIагIдо, ша шена Iедало динарг дуьтур дац, ша летар волуш ву, шен доьзал къевсина, лата сатессина а ву ша, бохуш. Цхьаъ санна виъ доьзалхо дIаваккхарна Iовжам хиллачу стаго дуьйцу.
Берийн ден аз: „Со сайн зудчуьнца набахте а воьллина, хIинца схьахецна. Селхана дIалаьцнера тхойша, цу чохь буьйса а яккхийтина, схьахецна тхо. Диъ бер дIадигна тхан, Норвегерчу доьзалшкахь хьакхарчий яийта“.
Маршо радио хиллачун тIаьхьакхиа Iалашонца массийтаза гIоьртира, берийн деца зIене яла, амма цуьнца къамел дан аьтто ца белира. Делахь а, Норвегерчу нохчийн диаспорехь дика вевзаш волчу юкъараллин жигарочуьнца, адамийн бакъонашларйархочуьнца Гисаев Ахьмадца цу хьокъехь хеттарш дан аьтто хилира.
ИбрахIиман доьзалца а, кхечу бераш шайгара дIадаьхначу нохчийн доьзалшкара а хьал дика девзаш волчу Гисаев Ахьмада дуьйцу.
Гисаев: „Сан кхетамехь доьзалшкара, къаьстина нохчийн доьзалшкара бераш Iедало дIадаха бахьана ду аьлла ца хета суна. ИбрахIимна хилларг, иза схьа а кхайкхина, цуьнца шеца дийца а дийцина оха.
Цу хIуманна тIехь хазнехасанна чIогIа болх беш ю диаспора. Мухха делахь а, суна иза харцо хета. Iедало далош долу бахьана цара цу берашна Iуналла ца дина аьлла дац, берашна тоьхна хилар ду боху бахьана. Суна иза бакъ ца хета. Иза мел бакъду хено гойтур ду. Кхеле и гIуллакх ма даьлла иза къаьстар а ду “.
ХIинца кху деношкахь Норвегехь нохчийн доьзалера бераш дIадахар цу могIарера дуьхьара бохам бац Европехь бехачу вайнахаца хилларг.
БIеннашкахь хилла ца Iаш, хIинцале а массех эзаре даьлла хила мегаш ду дай-наношкара дIадаьхначу нохчийн берийн терахь йоллучу Малбузерчу тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь. Уггаре а доьхна хьал ду Норвегехь, цуна тIаьхьа хIоьттина йогIуш Австри а, Германи а.
Шаьш динчу доьзалшкара дIадаьхна долу бераш церан хенашка а, доккха-эима хиларе хьаьжжина а я меттигерчу кхечу доьзалшка кхион дIало, Iедало деш Iуналла а долуш, я берашна Iуналла даран хьукмато лерина латточу юкъараIойлашкахь кхиадо.
Ткъа дегара-ненера бераш дIадахаран бахьанаш а, дахарехь муьлха а кхин хIума санна, тайп-тайпана хуьлу. Цхьаццадолчу берашна тIехь ишколехь я берийн бошмашкахь а, я лоьрана тIе даханчехь дас-нанас етташ хиларан лараш гучуйолу. Кхиндерш Iуналла ледар деш, тIехь биркъа а, боьха а леларна гIардовлий дIадохуш нисло.
Масех шо хьалха Австрехь цхьана доьзалера дIаяьккхинера цхьа жима йоI, ишколехь дог гIелделла охьайоьжначул тIаьхьа. Ишколан лоьро иза меттаялош цуьнан терго йича цунна хиинера, и бер мацалла дог гIелделла доьжна хилар.
Тахана а Австрерчу нохчийн диаспорехь наха дуьйцуш ду, и йоI Iедало шена Iуналле а яьккхина, цул тIаьхьа церан петарахь лехамаш бан хьукматхой баьхкинча, цу доьзалерчу сурсаташ латточу шамашенчохь еккъа цхьа Рама маргаринан гIутакх доцург кхин юург ца хилар гучудаьллера бохуш.
Цуьнца цхьаьна амма нисло Iедалхоша бехк боцуш, цхьаммо харц мотт тоьхна я харц шеконаш шайн кхоллаялар бахьана долуш бераш дIадуьгуш а.
Амма харцонца уьш дIадаьхнехь доккхачу декъехь кхин хье ца луш цIадерзадо и бераш, я кхелехула шайн бехк ца хилар тIечIагIдан таро хуьлу ден-ненан.