21-ра мухIажир араваьккхина Нохчийчуьра

Нохчийчохь къайлахчу хьолехь вехаш хиллачу Узбекистанан вахархочунна депортаци йина шен даймохка. Карара шо доладелчхьана Нохчийчуьра араваьккхина узбек 21-ра нелегалан мигрант ву, аьлла хаамбо махкарчу миграцин хьукмато.

Церан зерашца, дукхахболу мухIажирш Таджикистанера а, Узбекистанера а, Азербайджанера а, Гуьржийчуьра а бу.

Дахначу шарахь Нохчийчуьра араваьккхина 114 нелегалан вахархо.