Допинг лелочарна дуьхьал низам тIеэцна Оьрсийчохь

Спортехь допинг лелочарна дуьхьал бехктакхаме гIуллакх айдар магош низам тIеэцна Оьрсийчоьнан Думано. Хьалхо оцу низамехь пачхьалкхо цхьацца хийцамаш бинера, таIзар дайдеш. «Интерфакс» агенталло бо и хаамаш. Оцу низамца догIуш, допингах пайдаэца спортхо тIеверзийначу тренерна я говзанчана гIуда тухур ду 300 эзар сом гергга, я балхара вохор ву, я шо гергга хан тухур ю набахтехь яккха.

Допинг лелийначу спортхочун тренерна 1 миллион гергга гIуда тоха йиш хир ю. Нагахь санна, низамаша йихкинчу молханех пайдаэцначул тIаьхьа и атлет валар нисделлехь, 3 шаре кхаччалц хан йогIу тренерна а, спортан медицинан говзанчана. Iедало къайла а кхоьхьуш Оьрсийчоьнан спортхошлахь допинг лелош хиларх артикл арахийцира Дуьненаюкъарчу антидопинган агенталло кху шеран аьхка.

Оцу бахьанашца бIеннашкахь оьрсийн спортхошна дихкира Рио-де-Жанейрохь дIахьочу Олимпан ловзаршкахь дакъалаца. Оьрсийчоьнан паралимпхойн тоба ерриг а юкъа ца йитира ловзаршка.