Парламентан пурба доцуш брексит йоло ца магийна Британина

Парламентан бакъо йоцуш Евроберта юкъара яларан кепаш йолон аьтто бац Британин. И сацам тIеэцна еарийдийнхь Лондонерчу Лакхарчу кхело. Тереза Мэйн кабинето оццу кхеле апелляци лур ю.

Британин пачхьалкхан куьйгалхочо хьалхо чIагIдора, Евробертан партнерашка брексит официалехь йолаяр хоуьйтуш, Лиссабонехь бинчу бертаца 50-чу артикло могуьйту парламентан декъашхошкара пурбане ца хьежа.

Ткъа хIинца гIуллакх дIадахлур ду, парламентехь дийцарш еххачу хене довларна.