Your browser doesn’t support HTML5
Батаев Виситан дакъа карийнера Ростов-ГIаларчу моргехь. Цуьнан ненан а, кIентан а цIий а эцна, ДНК-ца иза талла а теллина, къастийна, 22 шарахь цара лехнарг иза вуйла.
Your browser doesn’t support HTML5
Кху деношкахь, цуьнах йисина масех даьIахк дIайоьллира ГIой юьртарчу кешнашкахь. Цуьнан дай баьхначу юьртахь а, иза шен деца а, ненаца а, доьзалца а ваьхначу Соьлж-ГIалахь а доккха ши тезет а дIахIоттира.
Еарийн Iуьйрана иза велча санна, шайна хаза ма хезнехь, нах а оьхура кадам бан а, веллачун гIазот къобалдан а.
Иза иштта хирг хиларг сатуьйсу цара. ДIавоьллинчун коша тIехь Виситин вераса иштта къамел дира.
Воккха стаг: «Дела реза хуьлда массарна! ХIара дакъа а ца карош, вайна вара. Геннахь карийна, схьавалина ву хIара. Делан Iожалла ю-кх, вай хIуъа а дича лелаш».
22 шарахь холчу хIоьттина цуьнан да-нана, йиша, хIусамнана, бераш, тахана а метта ца даьхкина. И дегаIийжам церан дахарехь буьсур бу. Висит муьлхачу хьолехь вайнера дуьйцу цуьнан йишас ПетIамата.
Батаева: «1994 шарахь, Соьлже чубаьхкинчу оьрсийн эскархоша дIа а лаьцна дIавигнера иза. Дуьххьара оха ГПАП-1 олучохь лийхира. Цигарчу тептаршкахь вацара. ТIаккха, Ханкалахь дIалаьцна ву аьлла цигахь карийра.
ХIинца-хIинца араволуьйтур ву бохуш леллера тхо. ТIаккха, цигара цхьана куьйгалхочуьнга хаьттича, цо элира иза дIавигна, ткъа мича вигина, олуш дацара».
Висит вайча дуьйна, иза лоьхуш араваьлла лелла ву цуьнан да Абуезид. Хийла дакъа лаьттара хьаладаьккхина, карчийна цо, шен кIант хила мега хIара бохуш.
Хьалхара тIом боьдучу хенахь, иза ша санна бохамо арабаьхначу нехан тобана юккъе.
Цаьрга хIума олуш оьрсийн эскархой а бацара, я Iедалша а новкъарло ца йора. Нехан дегнаш дIадола ца туьгура, къизаллаш а еш, каравеана стаг вен муха вуьйр ву.
ШолгIачу тIамехь-м и санна дерг, ког баьккхинчохь хуьлуш дара. Иштта декъий лоьхуш, хорам хуьлуш, и бала шегахь къийлина, хIинца меттахь висна и воккха стаг.
Кхетамехь ву. Шен кIентан дакъа карийна аьлча, са ца гучу бIаьргах хи делира: «Сан кIант, сан Висита…» аьлла.
Цуьнан хIусамнанас, Виситин нанас Зурас, иштта дийцира Абуезида а, ша а кIант лехарх.
Зура: «Консервный завод олучу меттехь 200 сов дакъа дара карийнера. Цигахь «хьаьрса Висита» ву аьлла хезна, тхо цига дахара. Цигахь а ца карийра. Иза вацара. Шелиг чуьра декъий ара а кхуьйсуш, уьш а дIаяхьара. БIаьрса дIаделира кху стеган цигахь. 15 шо сов хан ю кхунна хIара цамгар кхетта».
Официала хаамашца тахана Нохчийчохь вайна лоруш ву 5 эзар стаг.
Ткъа дозуш доцчу хьосташа бечу хаамца и терахь 20 эзаре хьалакхочуш ду.
Байначу нехан декъий кара а дина, уьш дIадохкалц и бохам бирзина боцийла кхеташ, ворхI-бархI шо хьалха Еврокхеташоно шен чоьтах Нохчийчохь йоьллур ю аьллера ДНК-н талламан лаборатори.
Юьхьанца реза а хилла, юха а тIе ца дитира Оьрсийчоьнан Iедало.