Your browser doesn’t support HTML5
Германехь зуда маре яха а, боьршачу стаго зуда ялон а магош йолу хан низамца 16 шо кхаьчначул тIаьхьа ю.
Бакъду, иза магорна 16 шо бен доцучун дас-нанас йозанца тоьшалла дан дезаш ду, шаьш дуьхьал дац, аьлла.
Ткъа цул совнаха доьзалийн хьаштийн кхело а шегара лерина цхьа бакъо яла езаш ю, марел дан арабевлларш кхетамца а, дегIаца тоалла кхиина хилар талла а теллина.
ХIинцалц схьа иштта хьалхехь марелаш дар Германехь магийна делахь а, амма юкъараллехь цхьа а кхин хIара аьлла мехалалла йолуш а, я кхин башха цхьаммо а шуьйра пайда оьцуш а дацара иза.
Амма ши шо хьалха немцойн махка доккхачу декъехь бусалба пачхьалкхашкара, уггаре а хьалха Шемарий, ОвхIанерий мухIажарш схьаэха буьйлабелчул тIаьхьа гучуделира, цу схьаоьхучу наханалахь вуно дукха кегийра, бераллера а довланза зудбераш хилар, шайн хIусамдай ларалучу гIеметтахIитинчу а, къанбеллачу а божаршца цхьаьна мухIажарш бевлла.
Нисло иштта, гIеметтахIоьттинчу я къаналле вирзинчу боьршачу стаго шеца пхийтара яланза йолу зуда ялийна ца Iаш, шиъ-кхоъ-йиъ зуда ялош а.
Меттигерчу юкъараллин вуно маьттаза а, акха а хеталуш долу и хIума дол-долуш гIарделира цкъа хьалха мухIажаршца белхаш бечу гIодаран цхьаьнакхетараллашна, цул тIаьхьа шуьйрачу юкъараллина а.
Ткъа популистийн партешна, иштта а бусалба дин емал деш самукъадолуш йолчу, рогIера бахьана делира бусалбачарна а, мухIажаршна а дуьхьал шайн пропаганда ян. Шайн рогIехь немцойн берашна Iуналла даран хьукматан белхахой шаьш цу хьолехь хIун дан деза ца хууш бисина.
Цхьаьна агIор, пхийттара а даланза я 18 шо кхачанза долу зудбер шен майрчуьнца цхьаьна тховкIелахь Iайта бакъо низамо йихкина ю царна.
Ткъа вукху агIор – изза пхийттара я берхIиттанера яланза йолу йоI, хийрачу махкахь, хийрачу нахана юккъехь, шена вевзаш цхьа стаг а воцучу, я хууш мотт а боцуш ша яккхар а цу йоIан шена вуно боккха бала хуьлуш а, цунна стресс йолуш а хIума ду, гумане а дац.
ХIетте а, юкъараллехь шуьйра къобалдеш ду, Германехь Iедалан низамца хьалхехь марелаш дар дехкар.
Цу марелашкахь жимах ерг даима а аьлча санна зуда хуьлуш хилар тидаме эцча-м муххале а. Немцойн коьртачу шахьарехь Берлинехь ехаш йолу Зубайраева Тамара а ю кху деношкахь Германехь телевизионехула а, газеташкахула а къанбеллачу наха шайца схьабахкийначу бераллера а бовланза болчу зударшна гонахь аьлла IалагIож тергал еш.
Хазанехасанна маьттаза а, осал а хIума лору цо и тайпа марелаш. Уьш доьхкуш долу низам сихонца тIеэцар вуно къобал а до цо.
Ойла йича мел маьттаза хIума ду иза
Зубайраева: „Телевизионехула гина суна и хIума дуьйцуш. Цу схьаоьхучу божаршца тIехьажарехь церан бераш ду аьлла хеташ долу кегийра зудбераш хуьлу, зударий санна схьадахкийна. И бахьана долуш тIеэца гIерташ ду кхузара Iедал и низам.
Суна сайна чIогIа маьттаз а, ирча а хIума хета. ХIунда аьлча, уьш кегийра бераш ду, ткъа церан майрой къанбелла божарий бу. Яц цаьрца цхьанца а къанцелла зуда, 50-6- шераш кхаьчна йолу, шайн берийн берийн хенара бераш ду-кх.
ДIа ойла йича мел маьттаз хIума ду иза. ДIа ойла ехьа, муха хир дара, масала, къанйелла 45-50 кхаьчначу зудчо, „хIара сан хIусамда ву“ бохуш, юххе ваьккхина 14-15 шо долу божабер хилча! Иза мел осал хетара дара, мел дуьйцура дара иза наха. Изза хIума ду-кх хIара а, амма юхамаччахьара.
Дукха чIогIа дика хир дара-кх сиха цара и хIума доьхкуш низам тIеэцча“.
Германин урхалло хIинца и бахьана долуш тIеэца кечдинчу низамца, цу махкахь марел дан магош йолу хан 18 шаре кхаччалца хьалаойъура ю, ала дашна, ЮНИСЕФ цхьаьнакхетаралло иштта а, вуьшта а цу хенахь бен марел дар дукха хьалхехь лоручу дозане кхаччалца.
Цул совнаха, нагахь санна хIинцалца схьа немцойн низамашца, дозанал арахь, кхечу мехкашкахь дина марел къобал ца дича ца долуш, цунна дуьхьал цхьа а гIулч яккха меттигера Iедалхой гIорасиз хиллехь, хIинца, нагахь санна и керла низам тIеэцахь, муьлхачу а махкахь и тайпа хьалхехь марел дина делахь а, Германин хьукматхоша и марел дацаре деш, цунна аннуляци ян бакъо хир ю.
Кхин цхьа керла хIума а ду юккъедаккха лерина – нагахь санна немцойн махкахь цхьана имамо 18 шо дузанза болчу кхиазхошна марел дан магош, царна там-мах бахь, цунна ахчанца гIуда а тухур ду, набахте иза волла бакъо а хир ю Iедалхойн.
Немцойн юстицин министро Маас Хайкос шен хьукмато кхолла а кхоьллина, урхалле а, Бундестаган а тидаме дилла леринчу низамах лаьцна шен официалечу дIахьедарехь билгалдаьккхина, Германин дозанал арахьох и тайпа марелаш дина хилар немцойн урхалло а, юкъаралло кхин тидаме оьцур долуш дац, аьлла.
„Берашца нуьцкъах деш долу марелаш вай вешан махкахь ловр дац. Мелхо а, вай кхин а шогох гIулчаш йохур ю, берийн бакъонаш ларйарехь.
ХIинцалца хиллачу низамах а пайда оьцуш, цу тIехь вайна ца гуш дисина хилла кхачамбацарш дIа а дохуш“, - аьлла яздинера цо немцойн юстицин министраллин сайта тIехь. Маас Хайкос чIагIдарехь, керла низам цуьнан хьукмато хIара карара шо чекх а далале Бундестаге дуьллур ду, цигахь иза Керла шо тIекхачале тIеэца декхар а ду.