Your browser doesn’t support HTML5
Вайнехан ерза ца туьгу, лазаме чов хилла лаьтта 1944-чу шарахь, Сталинан Iедало, баларш хьесапе ца оьцуш, дийнна къам (500 эзар гергга стаг) дохийна, долахь мел дерг дIа а даьккхина, Сибрех хьажор.
Баккхийчийн эсехь, къизалло тоьхна мухIар санна, гуттаренна а кхетамехь баха бисина, цу геналлехь, миллий, мацаллий белларш, каш даккха а гIор доцуш лаьттах Iиттина битина хьоме гергарнаш, беза-бевзарш.
Церан сий-лерамна, Казахстанера а, ГиргIазойчуьра а кешнаш тодеш, куьце дало ГIалгIайчоьнан гIантдас Евкуров Юнус-Бека бина тIелацам вуно чIогIа тайна гIалгIашна а,цаьрга терра нохчашна а.
Дукха хан йоццуш Казахстане вахана веъначу Евкуровн хьехамча волчу Албогачиев Мохьмад-Хьаьжас Iорадаккхарца хIинца а Юккъерчу Азехь бехачу вайнахана чIогIа къобалдо тиссина лаьтта кешнаш битаме далор.
«Тхо гIалгIайн диаспорш ехачу дуккха а юрт-гIаланашкахула чекхдевлла. Цхьаьнакхетарш а хилла динан дайшца а, бизнесхошца а,къоначаьрца а. Цара массара а баркаллаш боху шайн бала кхачарна. Уьш кийча бу кешнаш дендарехь жигара дакъалаца а,ур-аттал царех цхьадерш шайн чоьтах тодан а.»
Ишта дIахьедина Албогачиев Мохьмад -Хьаьжас. Цо дийцарехь, дерриге а тидам-тергоне эца лоьруш дерш ду 30 кешнаш.
Евкуровс дахаре дерзо юьхьарлаьцна и дIадолор цхьа беркате кхаъ санна тIеэцна гIалгIаша а нохчаша а. Цунах дуьйцуш ву Лакхара Ачалуки олучу эвлара вахархо ТугIан.
ТугIан: «Евкуровна юххеваьлла цуьнан гIаролхо а хилла лелаш ву сан гергара стаг. Цо а бакъдо Казахстанера кешнаш тодан лаам бу бохург. Дика хIума ду. Вайнахана массарна а юьхькIам и сацам тхан Iедало дахаре берзабахь».
« Цигахь дIакхелхина сан юххера гергара иттех стаг,-боху Маьлхбигерчу яхархочо Марема,-суна цаьргара цхьа бовха кхаъ кхаьчча санна хаза хетта,церан кешнаш ,гонаха керт а еш тодийр ду бохучух». Марем ша ю дуьйцуш.
Марем: «Суна чIогIа хаза хета Евкуровс ишта сацам бина. Вайнехан дуккха а нах бу цигахь бисина. Сан а дисна цигахь кхо ваша а,кхо йиша а. И дагадеъна а ду доккха хIума».
ГIалгIашка нисса хаза а хеташ,кешнаш куьце далор беркате,вайнахана юьхькIаме гIулч лоруш берш вуно дукха бу. Иштачех цхьаъ ву Соьлжа кIоштера вахархо БухIади а.
БухIади: «Суна дика хета Евкуровс дагалаьцнарг. Къоман сий,къоман яхь ю иза,цу кхазакхашна а,оьрсашна а хьалха. ДIабахнехь а шайн беллачийн доладийр долуш хилла хIорш-м аьлла ойла хир мА ю церан. Бала кхочий хуур ду. Хьалхо и динехь кхин а дика хир дера,делахь а хIинца и дар а ду-кх доккха хIума. Нохч-гIалгIайн сий айахь бен цунах телхар долуш хIума дац. Дела реза хуьлда цу Евкуровна!».
Луларчу махкахь санна,вайнахана уггар гIайгIане,балане деъна,къам махках даьккхина де дагалацар,билгалдаккхар, дехьа ,сехьа а ца тоьттуш,ша долччохь дита а дитина,хIинца цигахь хеназа беллачийн сий дан араваьллачу Евкуров Юнус-Бекана баркалла кхайкориш дукха бу нохчашлахь. Уьш дегайовха бу Нохчийчуьра Iедалдай гIалгIашца йохье бовларе. Теркйист кIоштера Леча ву дуьйцуш.
Леча: «Цигахь цхьаьне дIабоьхкина бу нохчий а,гIалгIай а,кхазакхаш а.Цу кешнийн доладеш хилча мел доккха хIума ду иза! Цаьрца даьхна,хала еънехь а,хан яьккхина мА ду вай!ХIорш-м бала болуш а ца хилла шайн гергарчийн аьлла ойла ца еш хилла хир ма бац уьш.
Нехан хIун таронаш ю куьгалхочун ницкъ бу, муьлхха гIуллакх дIадоло а,адам вовшахтоха а. Къам дохийна де дIататтий, схьататтий а ца бохуш, ницкъала халонаш Iийшина Далла дуьхьал дIабахнарш биц ца бо-кх цо. Дала дика дойла цунна!»